7 Цул тӀаьхьа деа дийнатах цхьаммо оцу маликийн кара ворхӀ дашо бога делира. Ерриг а тӀейогӀучу заманна а вехаш волчу Делан дераллех дуьзна дара и боганаш.
Массо а нах Хьох кхоьруш латта беза, Дела. Хьуна хьалха мила латталур ву, Хьо оьгӀазвахча.
Исраилан халкъан Везачу Далла соьга элира: «Сан карара хӀара оьгӀазаллин чагӀар чохь долу кад дӀа а эций, Аса хьо вохуьйтучу меттехь дехаш долчу массо а халкъашка цу чуьра малийта.
ХӀунда аьлча цара шаьш а дуьйцу тхох лаьцна. Цара дуьйцу, тхо шуна тӀе муха даьхкира а, иштта шу, цӀуйх дӀа а дирзина, Делехьа дерзарх лаьцна а, дийначу а, бакъволчу а Далла гӀуллакх дархьама.
Со ву дийна Верг. Со велла вара, амма хӀинца Со ерриг а тӀейогӀучу заманна дийна ву. Сан карахь ду Ӏожаллин а, эхартан а догӀанаш.
стигал а, латта а, хӀорд а, царна чохь мел долу хӀума а кхоьллина волчу, ерриг а тӀейогӀучу заманна волуш Волчун цӀарах чӀагӀо йира: «Дала кхин лур яц шуна хан.
Делан оьгӀазлонан кеда чу, э а ца деш, доьттина долу Делан дераллин чагӀар мер ду цо. Иштта волу стаг Делан маликашна а, Ӏахарна а хьалха цӀергахь а, саьмгал чохь а хьийзор ву.
ТӀаккха стигалахь кхин а цхьа тамашийна билгало гира суна. Иза йоккха а, инзаре а яра. Шайгахь тӀаьххьара бисина ворхӀ бала болу ворхӀ малик а дара цигахь. Уьш тӀаьххьара баланаш бара, хӀунда аьлча цаьрца чекхйолура Делан дералла.
Хьалхарчу малико, дахана, шен боган чохь дерг лаьтта тӀе охьадоьттира. ТӀаккха шайна тӀехь экханан мухӀар а долуш, цуьнан суьртана Ӏибадат деш долчу адамашна тӀехь чӀогӀа дера а, ирча а ноткъа оьху даьӀнаш даьржира.
ТӀаккха шайн карахь ворхӀ бога долчу ворхӀ маликах цхьаъ суна тӀедеара. Цо соьга элира: «ТӀехилал! Ас хьуна гойтур ду, дуккха а долчу хишна тӀе а хиъна, чӀогӀа сийсаза лелаш йолчунна дийр долу таӀзар.
ТӀаккха тӀаьхьарчу заманан баланех дуьзна долу ворхӀ бога шайн карахь долчу маликех цхьаъ суна тӀедеара. Цо соьга элира: «Схьавола, Ӏахаро далон долу нускал гойтур ду ас хьуна».
и ткъе виъ къано Ӏаршана тӀехь хиъна Волчунна хьалха охьа а вужий, ерриг а тӀейогӀучу заманна вехаш Волчунна суждане воьду. Цара, шайн таьжнаш Ӏаршана хьалха охьа а дохкуш, олу:
ТӀаккха, Цо и тептар караэцча, диъ дийнат а, ткъе виъ къано а Ӏахарна хьалха охьавуьйжира. Цаьргахь хӀорангахь а мерз-пондарш а, дашо боганаш а дара. И боганаш хаза хьожа йогӀучу хӀуманах дуьзна дара. Боганаш чохь дерш Делан долахь болчеран доӀанаш дара.