Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 15:6 - Делан Йозанаш

6 Цу чоьнна чуьра, тӀаьххьара хир болу ворхӀ бала а бахьаш, ворхӀ малик араделира. Царна тӀехь яра дуткъачу кӀадих йина цӀена а, къегаш йолу а бедарш. Некхана гонах дашо доьхкарш а дара.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 15:6
9 Referencias Cruzadas  

Хьалахьаьжча, суна хӀара сурт гира: гатанан бедар а юьйхина, гӀодаюккъе Упаз-махкарчу деших дина доьхка а дихкина, цхьа стаг вара лаьтташ.


Юха, уьш цецбевлла лаьттачу хенахь, царна хьалха хӀоьттира къегаш духар дуьйхина ши стаг.


Ткъа оцу ворхӀ стогарна юкъахь лаьтташ «адамийн кӀантах тера цхьаъ» вара. Цунна тӀехь еха бедар яра, ткъа цуьнан некхана гонах хьарчийна деших дина доьхка дара.


Делан цӀа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цо мархина тӀе охьахиъна волчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн марс схьа а эций, ялта хьакха! ХӀунда аьлча лаьттахь ялта кхиъна а даьлла, марс хьокху хан тӀе а кхаьчна».


Стигалахь долчу Делан цӀа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цуьнгахь а ира марс бара.


ТӀаккха стигалахь кхин а цхьа тамашийна билгало гира суна. Иза йоккха а, инзаре а яра. Шайгахь тӀаьххьара бисина ворхӀ бала болу ворхӀ малик а дара цигахь. Уьш тӀаьххьара баланаш бара, хӀунда аьлча цаьрца чекхйолура Делан дералла.


Цо цӀена а, лепаш долчу а дуткъачу кӀадинан коч тӀеюьйхина». (Ткъа и дуткъа кӀади – Делан долахь болчара Цуьнан лаамехь дина долу гӀуллакхаш бохург ду.)


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios