5 Цул тӀаьхьа со дӀахьаьжира. ТӀаккха стигалахь долчу тоьшаллин Четаран уггар а еза чоь дӀаеллаелира.
НегӀар тӀорказна тӀедилла. ТӀорказ чу Ас хьайна лун йолу а, бертан тоьшаллина йолу а экъанаш яхка.
ХӀинца Делан четар деш дӀаевлла коьчалш ягаръяран жамӀ дийр ду. Мусас левихошна тӀедиллира тоьшаллин четар деш дӀаевлла коьчалш ягаръяр. Динан да волчу АхӀаронан кӀанта Итамара куьйгалла деш дара и гӀуллакх.
Ткъа левихой къобалбе тоьшаллин четарна а, цуьнан пхьегӀашна а, цуьнца доьзна долчу дерриг хӀуманна а тӀехь куьйгалла дан. Цаьрга леладайта и Делан четар а, цунна оьшу гӀуллакх а дайта. Шаьш совца дезачу меттигехь цу четарна гонах шайн меттамотт дӀахӀоттабайта цаьрга.
Ткъа левихоша шаьш совца беза меттиг тоьшаллин четарна гонах билгалъяккха еза, исраилхошна тӀехь оьгӀазалла ца хилийтархьама. Левихой оцу четарна уллохь ха деш лаьттар бу».
ЦӀеххьана Делан цӀийна чохь уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долу кирхьа лакхара дуьйна лаха кхаччалц декъаделира. Латта дегадора, тӀулгаш лелхара.
Цара Далла деш долу гӀуллакх кхузарчу четар чохь бен ца хуьлу. И четар стигалахь долчун кепах тера бен дац, цуьнан ӀиндагӀ бен дац. Ткъа Мусага аьлла дара, иза Делан четар дан волавелча: «Ларлолахь, хьайна лам тӀехь гайтинчун кепах тера делахь дерриг а».
Стигалшкара Делан цӀа дӀаделладелира. Цу чохь Цуьнца бинчу бертан деза тӀорказ дара гуш. ТӀаккха ткъес а туьйхира, аьзнаш а девлира, стигал а къийкъира, мохк а бегийра, йоккха къора а туьйхира.
Дела а, Делан цӀе а, Дела веха меттиг а, стигалахь бехаш берш а, сийсаз а беш, Ӏеса къамелаш дан долийра цо.