Довзийтинарг 15:4 - Делан Йозанаш4 Мила кхоьрур вацара Хьох, ва Веза Эла? Хьан цӀе а хьан язйийр яцара? ХӀунда аьлча Хьо цхьаъ ву веза! Массо а халкъаша, тӀе а даьхкина, Хьуна хьалха Ӏибадат дийр ду. ХӀунда аьлча Ахь нийсонца лелош долу гӀуллакхаш тхуна гучу ма девлла». Ver Capítulo |
Сох кхоьруш хила ца деза те шу? – боху Везачу Эло. – Суна хьалха дегош хила ца деза те шу? ХӀордана гонах гӀамаран доза дӀахӀоттийнарг Со ву шуна! ХӀорд оцу дозанал тӀехбаьлла цкъа а дӀасабаржийта мегар дац. ТулгӀенаш хин йистах мел еттаяларх, церан дозанал уьш араевр яц. ТулгӀенаш мел карзахйовларх, цу хин йистал уьш арайовлалур яц“.