Довзийтинарг 15:3 - Делан Йозанаш3 Цара Далла гӀуллакх деш хиллачу Муса-пайхамаран а, Ӏахаран а илли олура: «Даккхий а, инзаре а ду Хьан гӀуллакхаш, массо а ницкъийн Веза Дела! Нийса а, билггал бакъ а ду Хьан некъаш, дуьненан къаьмнийн Паччахь! Ver Capítulo |
АхӀарон а, цуьнан тӀаьхье а дийнаташ дагоран а, хаза хьожа йоуьйту хӀуманаш ягоран а кхерчашна тӀехь сагӀа доккхурш бара. Иштта, царна тӀедехкина дара Везачу Элан цӀийнан уггар езачу чоьнна чохь бан мел безаш болу белхаш бар а, Исраилан халкъан дуьхьа къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдар а, Делан ялхо хиллачу Мусас шайна тӀедиллина ма-хиллара.