Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 15:1 - Делан Йозанаш

1 ТӀаккха стигалахь кхин а цхьа тамашийна билгало гира суна. Иза йоккха а, инзаре а яра. Шайгахь тӀаьххьара бисина ворхӀ бала болу ворхӀ малик а дара цигахь. Уьш тӀаьххьара баланаш бара, хӀунда аьлча цаьрца чекхйолура Делан дералла.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 15:1
21 Referencias Cruzadas  

Стигалахь а, лаьтта тӀехь а тамашийна гӀуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойту, паргӀат а воккху, кӀелхьара а воккху Цо. Лоьмийн ницкъах Даниал ПаргӀатваьккхинарг а Иза ву».


Цул тӀаьхьа а шу, Суна дуьхьал а девлла, Соьга ладугӀуш ца хилахь, Айса ден долу таӀзар ворхӀазза совдоккхур ду Ас аш къинош леторна.


Цо, лоьмо санна, чӀогӀа мохь туьйхира. Цо кхайкхинчул тӀаьхьа, ворхӀе а ткъес туьйхира, церан гӀовгӀанаша къамел а деш.


ТӀебеана болу шолгӀа бала а дӀабелира, амма кестта тӀебогӀуш кхоалгӀа бала а бу.


Делан оьгӀазлонан кеда чу, э а ца деш, доьттина долу Делан дераллин чагӀар мер ду цо. Иштта волу стаг Делан маликашна а, Ӏахарна а хьалха цӀергахь а, саьмгал чохь а хьийзор ву.


ТӀаккха малико шен ира марс лаьтта тӀехула хьалаайира. Лаьттара кемсаш, хеда а йина, Делан дераллин муттдоккхургана чу тесира цо.


Суна Делан цӀа чуьра аз хезира. Цо ворхӀ малике бохура: «ГӀой, Делан оьгӀазлонан ворхӀе а боган чохь дерг лаьтта тӀе охьадотта».


ТӀаккха шайн карахь ворхӀ бога долчу ворхӀ маликах цхьаъ суна тӀедеара. Цо соьга элира: «ТӀехилал! Ас хьуна гойтур ду, дуккха а долчу хишна тӀе а хиъна, чӀогӀа сийсаза лелаш йолчунна дийр долу таӀзар.


Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тӀехь толам баккхархьама. Аьчка гӀожаца Цо олалла дийр ду царна тӀехь. Массо а ницкъийн Делан оьгӀазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю.


ТӀаккха тӀаьхьарчу заманан баланех дуьзна долу ворхӀ бога шайн карахь долчу маликех цхьаъ суна тӀедеара. Цо соьга элира: «Схьавола, Ӏахаро далон долу нускал гойтур ду ас хьуна».


Со дӀахьаьжча, стигална юккъехула тӀемаяьлла йоьдуш йолчу цхьана аьрзун айдина аз хезира суна. Цо бохура: «Декъаза хир ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш, дисинчу кхаа малико локхун йолчу турбанийн аьзнаш шайна хезча!»


Далла хьалха лаьтташ долу ворхӀ малик гира суна. Церан кара локхуш йолу ворхӀ турба еллера.


Шайн карахь ворхӀ турба йолу ворхӀ малик турба лакха кечделира.


Ткъа оцу баланех далаза дисина кхидолу адамаш, шайна Ӏибадат дархьама, шаьш куьйга йинчу хӀуманех дӀа ца дирзира. Цара Ӏамал йора жинашна а, деших а, детих а, цӀастанах а, тӀулгах а, дечигах а бинчу цӀушна а, царна хӀумма а ца гушшехь а, уьш ца лелалушшехь а.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios