8 Кхин а цхьа малик цуьнан лорах дӀадахара. Цо бохура: «Ма хӀаллакьхили иза! ХӀаллак а хилла, дӀаели йоккха Бавел-гӀала. Ша сийсаза леларна, Дела дарвеш волу чагӀар малийна цо массо а халкъашна».
ХӀара бу Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна Бавелах лаьцна гучубаьккхина болу хаам.
Шишша цхьаьна хӀиттина богӀуш дошлой а, схьабогӀуш нах а бу». Цул тӀаьхьа цо элира: «Бавел-гӀала йоьжна ю, иза эшийна ма ю! Цуьнан деланийн дерриге а дина суьрташ лаьттахь дохийна Ӏохкуш ду».
Везачу Эло Ярми-ЯхӀу-пайхамарехула хашадхойн мохк болчу Бавелах лаьцна бина хаам хӀара бу:
Изза Бавел-гӀалина а хир ду: иза кхин хьалагӀатталур йоцуш хи буха гӀур ю, Везачу Эло цунна тӀе бен болу бохам бахьана долуш». Цу тӀехь Ярми-ЯхӀун дешнаш чекхдовлу.
Набухди-Нецарна тӀехь и дош цу сохьта кхочушхилира. Адамех дӀакъастийра иза. Бежано санна, бецаш юура цо. Цуьнан дегӀ стигалара тхино тӀундора. Цуьнан чоьш дахделлера, аьрзун пелагаш санна. Цуьнан, олхазаран санна, мӀараш яра».
Хьан чов ерзо дарба дац, хьуна йина чевнаш тоян йиш яц. Хьох лаьцна хаам хезнарш тӀараш детташ баккхийбер бу, хӀунда аьлча мила ву хьоьгара къизалла даим тӀекхачаза?!
Церан декъий сийлахьчу гӀалин коьртачу урамехь дуьтур ду. Кица далош аьлча, цу гӀаланах кхин тайпана Седам а, Мисар а олу. Цигахь церан Веза Эла жӀарах дӀатоьхна хилла.
Йоккха гӀала кхаа декъе екъаелира. Ткъа кхечу къаьмнийн гӀаланаш хӀаллакьхилира. Йоккха Бавел-гӀала Шена дагахь йолу дела, Дала таӀзар дира цунна. Дала Шен кеда чуьра Шен оьгӀазечу дераллин чагӀар дӀамалийтира цуьнга.
Ткъа хьуна гина йолу зуда – иза лаьттарчу паччахьашна тӀехь олалла деш йолу йоккха гӀала ю».
Цуьнан кхелаш билггал бакъ а, нийсо йолуш а ю. Цо кхел йира оцу чӀогӀа сийсаза лелаш йолчунна, оцу йоккхачу гӀалина. Цо шен сийсаза леларца дуьне а бехдинера. Цо Делан ялхой болчеран цӀий Ӏанорна, Дала цунна догӀуш долу таӀзар дира».