Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 14:6 - Делан Йозанаш

6 ТӀаккха суна стигална юккъехула тӀемадаьлла доьду кхин а цхьа малик гира. Цуьнгахь даим болу хаза кхаъ бара, иза Лаьттахь бехаш болчу массарна а баийтина бара, хӀора къомана а, тайпанна а, маттана а, халкъана а дӀакхайкхорхьама.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 14:6
30 Referencias Cruzadas  

Дала элира: «Хи юккъехула а доькъуш, дуькъа хӀаваъ хуьлийла».


Сан тӀаьхьенца вац ткъа Дела? Дала соьца массо а ханна болу барт бина, цуьнан чӀагӀо йохор а яц, хийцалур а яц. Суна мел гӀо деш дерг а, суна мел лууш дерг а, хуьлуьйтур дац ткъа Цо?


Буц а якъало, зезаг а маргӀалдулу, амма вайн Делан дош гуттар а лаьтташ ду».


Исраилан халкъ Везачу Эло кӀелхьардоккхур ду гуттаренна а долчу кӀелхьардаккхарца. ТӀейогӀучу хенахь цкъа а юьхьӀаьржачу хӀуттур дац и халкъ.


Хьалахьовсал стигала, охьахьовсал лаьтта! Стигалш дӀаевр ю, кӀур санна. Латта тишлур ду, бедар санна, цуьнан бахархой а лийр бу, мозий санна. Амма Сан кӀелхьардаккхар гуттар а хир ду. Сан нийсо цкъа а дӀаер яц.


Бедар санна, нецано дӀабуур бу уьш, тӀаргӀа санна, нӀаьно дӀакхоллур бу. Ткъа Сан нийсо гуттар а хир ю, Сан кӀелхьардаккхар тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка кхочур ду».


Цунна тӀехула лаьттара сирап-маликаш. Церан хӀораннан а ялх тӀам бара: шинца цара юьхь дӀакъовлура, шинца когаш къайлабохура, ткъа шинца тӀема довлура уьш.


Ткъес санна, сиха дӀасалелаш дара и дийнаташ.


Со, Набухди-Нецар, аьтто а хуьлуш, сайн паччахьийн гӀишлошкахь паргӀат вехаш вара.


Со доӀа дина валаза а волуш, суьйренан сагӀа доккху хан гергга йолуш, хьалха а сурт хӀуттуш суна гина, адамах тера долу Джабраил-малик, тӀемадаьлла, сихха схьадеара.


Аса шайга боданашкахь аьлларг а къеггинчу серлонгахь юхадийца. Лерга юххехь лохха Аса шайга аьлларг, цӀийнан тхов тӀе а довлий, мохь туххуш дийца.


Цо элира цаьрга: «Дуьне мел ду дӀа а гӀой, массо а адамашна дӀакхайкхабе хаза кхаъ.


Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах лаьцна Ас кхайкхош болчу хазачу кхоэхула Дела ницкъ болуш ву шайн тешар тӀехь шу чӀагӀдан. БӀешерашкахь дуьйна дӀакъевлина долчу бакъдолчуьнца цхьаьнабогӀуш бу и хаза кхаъ.


Иза иштта хир а ду, нагахь санна шайн тешар тӀехь шеконаш а йоцуш, чӀагӀ а делла, шу латтахь а, шайна хезначу хазачу кхоо луш болчу сатийсамах аша шаьш дӀа ца хадийтахь а. Стигал кӀел болчу массаьрга а дӀахазийтинчу оцу хазачу кхоан ялхо хилира сох, ПахӀалах.


Ткъа вай дезначу, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а, вайн Да волчу Дала а Шен маьхзачу диканца хаддаза иракарахӀиттор а, хиндолчу дикане сатийсар а делла вайна.


Шен цӀийца гуттар а болу барт чӀагӀбина волу вайн Веза Эла Ӏийса, уьстагӀийн сийлахь Ӏу, веллачуьра денвинчу, синтем болчу Дала,


ткъа Везачу Элан Дош гуттар а деха». Иштта бу шуна кхайкхийна хаза кхаъ!


Соьга элира: «Ахьа юха а Делера болу хаам бан безар бу дуккха а долчу халкъех а, къаьмнех а, меттанех а, паччахьех а лаьцна».


ВорхӀалгӀачу малико турба локхучу хенахь Делан къайлаха йолу Ӏалашо чекхъер ю, Цо Шен ялхой болчу пайхамаршка хаам бина ма-хиллара», – аьлла.


Цунна бакъо елира Делан нахаца тӀом бан а, царна тӀехь толам баккха а. Иштта массо а тайпанашна а, халкъашна а, меттанашна а, къаьмнашна а тӀехь олалла дан бакъо елира цунна.


Доьналла долуш хила аьлла, Аса шайна дина омра аша лардина дела, Аса а лардийр ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш зерхьама, кху дуьнен чу массанхьа а баланаш тӀебоуьйтур болчу заманах.


Цара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо, и тептар схьа а эцна, цу тӀера мухӀарш дӀадаха, хӀунда аьлча Хьо вийна вара. ХӀора тайпанашна а, меттанашна а, хӀора халкъана а, къомана а тӀера Делан дуьхьа Хьайн цӀий Ӏанорца адамашна тӀера мах дӀабелира Ахьа.


Со дӀахьаьжча, стигална юккъехула тӀемаяьлла йоьдуш йолчу цхьана аьрзун айдина аз хезира суна. Цо бохура: «Декъаза хир ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш, дисинчу кхаа малико локхун йолчу турбанийн аьзнаш шайна хезча!»


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios