5 Церан багара цхьа а харцдерг ца долура, уьш бехк буьллийла доцуш бара.
Хастам бе Везачу Элана, дечиг-пондар локхуш, ала Цунна иллеш итт мерз болу пондарца.
Уьш цомгуш хилча, ас-м таьӀна бедарш юхура. Сайн са а малдора ас марханаш кхабарца. Ас дина доӀанаш жоп доцуш дисича,
Делехь ас хастадо Цуьнан дош, Везачу Элехь ас хастадо и дош,
Сан багахула арадолу массо а дош бакъ ду, цаьрца я ямартло а, я хӀилла а дац.
Ерриг а хаза ю хьо, сан хьомениг, цхьа а сакхт дац хьуна тӀехь!
Зуламхошца цхьаьна каш кечдинера Цунна, хьалдерг волчохь дӀавоьллинера Иза, Цо цкъа а къизалла ца йинехь а, Цуьнан багахь харцдерг дацахь а.
Цундела пачхьалкхана тӀехь урхалла дарехь Даниал бехке ван бахьана лоьхуш бара элий а, тхьамданаш а. Амма иза тешаме волу дела, царна цхьа а бахьана ца карадора. Цуьнгара цхьана а тайпанара ледарло ца йолура, цхьа а бехк баккха хӀума а ца нислора.
Исраилхойн дог мекарлонех дуьзна ду, церан къиношна доггӀург хӀинца царна дийр ду. Везачу Эло церан сагӀа доккху меттигаш а хӀаллакйийр ю, церан цӀушна дӀахӀиттийна тӀулгаш а дохор ду.
Исраилан халкъах бисинчара харцонаш лелор яц. Цара харцдерг а дуьйцур дац, церан багара мекара дерг а дер дац. Дежаш а, дуьйшуш а долу уьстагӀий санна, уьш бехаш хир бу, цхьаммо уьш кхерор а боцуш».
Церан багахь билггал бакъболу хьехамаш бара, харцдерг ца долура церан матта тӀера. Уьш Соьца машарца а, догцӀеналлица а лелара. Дукха адамаш къинош леточуьра совцийра цара.
Шу, лаьхьанийн тӀаьхье! Шун багара муха дер ду диканиг, шу шаьш зене нах хилча? Стеган даг чохь дерг матта тӀехь ма хуьлу.
ТӀаккха Пулата динан коьртачу дайшка а, халкъе а дӀахаийтира: «И стаг бехке ван цхьа а бахьана дац сан».
Шена тӀевогӀу НатунаӀил а гина, Ӏийсас элира: «ХӀара ву-кх шеца мекарло а йоцу бакъволу исраилхо».
динан ерриге а тоба цхьа а томмагӀа, я цхьа а сакхт доцуш, я кхин тайпана долу хӀума а доцуш, амма цӀена а, бехказа а йолуш, Шена хьалха сийлаллехь дӀахӀотторхьама.
Ткъа хӀинца, Ша леррина Къобалвинчун дегӀан даларехула, Дела шуьца тайра, Шена хьалха шу даздина а, цӀена а, ала хӀума доцуш а дӀахӀитторхьама.
цхьа а къа латийна воцучу, гуттар а долуш долчу Синехула Ша Далла цхьа а томмагӀа доцучу сагӀина дӀавеллачу Дала леррина Къобалвинчун цӀийно мел чӀогӀа цӀандийр ду вай Ӏожалла тӀейоуьйтучу гӀуллакхех, дийна волчу Далла лерина вайга Ӏамал яйтархьама.
амма цӀеначу а, бехк боцучу а Ӏахаран санна долу, Дала леррина Къобалвинчун деза цӀий делла ю.
«Цо цхьа а къа а ца латийна, Цуьнан багара харц дош а ца даьлла».
Делан Йозанашкахь ма-аллара: «Хаза денош а гуш, ирсе ваха лууш волчо вочу дешнех шен мотт а ларбе, харц долчух шен бага а ларъе.
Шу охьаэгарх лардан а, цӀена а долуш, доккхачу хазахетарца Шен сийлаллина хьалха хӀотто а ницкъ бу Делан.