Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 14:4 - Делан Йозанаш

4 Уьш, зудчух куьг тохаза, кӀантстегарий бара. Уьш бара, Ӏахар стенгга бодахь а, Иза воьддучу дӀабоьлхуш берш. Мах а белла, адамашна юкъара паргӀатбаьхна бара уьш, Далла а, Ӏахарна а ялтин хьалхара стоьмаш санна дӀабалархьама.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 14:4
32 Referencias Cruzadas  

Хастам бо оха Хьуна, Дела. Хьан цӀе уллохь хиларна Хьуна хастам бо. Адамаша Хьан тамашийначу гӀуллакхех лаьцна дуьйцу.


ДӀайига со хьайца, сихлур ду вайшиъ! Паччахьо шен цӀа чу йиги со! Вайшиъ самукъадаьлла хир ду, сакъоьруш хир ду. ЧагӀарал чӀогӀа болу хьан безам хестор бу вай. Ма нийса бу хьо дукха везаш берш!


Кхузткъа зуда-паччахь а, езткъа гӀарбаш-зуда а елахь а, багар ца баллал мехкарий белахь а,


Исраилан халкъ Везачу Элана лерина схьакъастийна дара, дуьххьара болу стом санна, Цуьнан долахь бен дацара. Иза мел кхоллург бехке хетара, ткъа царна тӀе бохам боуьйтура’ – боху Везачу Эло“».


Декъаза бу Цийон-лома тӀехь гӀайгӀане а боцуш Ӏаш берш, Шамранан ломахь шаьш маьрша хеташ берш, хьалхе йоккхучу халкъан цӀе яххана берш, шайна тӀе Исраилан цӀа тӀедогӀуш болу.


Цхьаберш шаьш дуьнен чу бовллушехь ваьӀна стаг санна хуьлу, вуьш – нах бахьанехь хуьлу иштта, ткъа кхозлагӀнаш Стигалийн Олалла бахьана долуш зуда ца ялош соцу. Шена и хьехам чохь тарлочунна иза чохь тарлойла».


«Цу хенахь Стигалийн Олалла иштта хир ду. Цхьана дийнахь Итт зудабер, цхьацца стогар схьа а эцна, зуда ялош волчу кӀантана дуьхьалъяхана.


Цхьа Ӏелам стаг, Кхунна тӀе а веана, вистхилира: «Сан Устаз, со Хьуна тӀаьхьа хӀуттур ву, Хьо миччахьа а водахь а».


Сан уьстагӀашна Сан аз а хеза, Суна а уьш девза, уьш Суна тӀаьхьа а догӀу.


Милла а Суна гӀуллакх деш верг Суна тӀаьхьахӀуттийла. Иза Со волччохь Сан ялхо а хир ву. Милла а Суна гӀуллакх деш верг Сан Дас лорур а ву».


Кипас хаьттира Ӏийсага: «Сан йиш хӀунда яц те хӀинцца Хьуна тӀаьхьа ван? Сайн са а дӀалур ду-кх ас Хьан дуьхьа».


Цул тӀаьхьа юха а элира Ӏийсас нахе: «Со дуьненна елла серло ю. Суна тӀаьхьахӀоьттинарг бодашкахь лелар вац, амма цуьнан бакъдолчу дахаран серло хир ю».


Сема а, ларлуш а хила. Ӏуьно Ӏалашбо бажа санна, Дала Шен КӀентан цӀийца яьккхина йолу, Делан Сино шайга елла йолу Ӏийсах тешачу нехан тоба Ӏалашъе.


Шуна массарна а бевза Сетипанан доьзал. Ахаехь болчу Ӏийсах тешначарна юкъахь уьш дуьххьарлерачарах буйла а хаьа шуна. Цара шайн дегнаш Делан нехан гӀуллакх дарна тӀедерзийна. Цундела аса доьху шуьга, динан вежарий,


ХӀунда аьлча, беза мах а белла, эцна ду шу. Цундела шайн догӀмашца Делан сий делаш!


Делахь а ахьа зуда ялаяхь а – иза къилахь дац. ЙоӀ маре яхар а къилахь дац. Амма цара кху дахарехь чӀогӀа баланаш хьоьгур бу. Ткъа суна цу баланех шу лардан лаьара.


Дикачу агӀор йолу эмгаралла ю сан шуьца, иза Делера а ю. Ас шуна захало дийцира цхьана стагаца, иза Дала леррина Къобалвинарг ву. Цунна хьалха, цӀена йоӀстаг санна, шу дӀахӀитто лаьа суна.


Шен долахь берш кхоччуш паргӀатбаххалц, Делан Са Дала вайна лур долчунна закъалтана делла ду. Дала иза Шен сийлалла вайга хастадайтархьама дина.


динан ерриге а тоба цхьа а томмагӀа, я цхьа а сакхт доцуш, я кхин тайпана долу хӀума а доцуш, амма цӀена а, бехказа а йолуш, Шена хьалха сийлаллехь дӀахӀотторхьама.


Зуда маре яхар а, стага зуда ялор а, Дала кхоьллина йолу цхьайолу хӀуманаш яар а ца магадо шалхо лелочу оцу наха. Ӏийсах а тешаш, билггал долу бакъдерг девзинчаьрга, Шена хастамаш а бойтуш, яийтархьама, елла Дала и юург.


самукъанечу гуламна, стигалшкахь цӀераш дӀаязйинчу Делан дуьххьарчеран леррина болчу гуламна, массеран Кхелахо волчу Далла, кхачамалле кхаьчначу Делан лаамехь болчеран синошна,


Шен лаамца, бакъдолчу кхоаца кхоьллина Цо вай, Ша кхоьллинчарна юкъахь вай лараме хилийта.


Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама.


Цара Ӏахарца тӀом бийр бу. Ткъа Ӏахаро царна тӀехь толам боккхур бу, хӀунда аьлча Иза ву олахойн Олахо а, паччахьийн Паччахь а. Ткъа Цуьнца берш бу Цо кхайкхинарш а, къастийнарш а, тешаме берш а».


Цу гӀалахь Делан цӀа ца гира суна, хӀунда аьлча Далла Ӏибадат дечу цӀийнан метта массо а ницкъийн Веза Дела а, Ӏахар а Шаьш бу цу гӀалахь.


Оцу гӀалина иза серлаялийтархьама я малх, я бутт ца оьшу, хӀунда аьлча Делан сийлаллин нуьро серлайоккху иза. Ӏахар а цуьнан къуьда бу.


Бакъду, шуна юкъахь масех стаг ву шайн бедарш къилахь долу гӀуллакхаш дарца бехъяза. Уьш, кӀайн духарш а дуьйхина, Соьца лелар бу, хӀунда аьлча уьш иштта лела хьакъ долуш бу.


Цара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо, и тептар схьа а эцна, цу тӀера мухӀарш дӀадаха, хӀунда аьлча Хьо вийна вара. ХӀора тайпанашна а, меттанашна а, хӀора халкъана а, къомана а тӀера Делан дуьхьа Хьайн цӀий Ӏанорца адамашна тӀера мах дӀабелира Ахьа.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios