Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 14:3 - Делан Йозанаш

3 Цу нехан тобано стигаларчу Ӏаршана а, деа дийнатна а, къаношна а хьалха керла йиш лоькхура. Ткъа лаьттара, мах а белла, кӀелхьарваьккхинчу, цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаге бен, кхин цхьаьнгге а и йиш ца Ӏамалора.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 14:3
17 Referencias Cruzadas  

К ъинхетаме ву Веза Эла дерриге а Ша кхоьллинчуьнца. Массаьрца а дика ву Иза.


Хастам бу Везачу Элана! Лакха Везачу Элана керла эшар, хастам бу Цунна тешаме болчеран гуламехь.


Г Ӏийла дерш, дӀа а хазий, самукъадаьлла хилалаш, Везачу Эло динчунна воккхавеш ма ву со.


Везачу Эло лар а вийр ву, дийна а вуьтур ву иза. Ша лаьттахь йоккхучу хенахь иза декъала хир ву. Цуьнан мостагӀийн лаамийн дола Ахьа дӀа ма лохьа иза.


Веза Эла паччахьалла деш ву: дуьне доккхадеш хуьлийла! ХӀордан йистехь мел дехаш долу къаьмнаш а сакъералуш хуьлийла!


Везачу Эло паччахьалла до: дегадойла халкъаш! Иза каруб-маликашна тӀехула йолчу Шен Ӏаршана тӀехь хиъна Ӏаш ву: дегадойла латта!


Везачу Элана керла эшар лакха. Хастам бу Цунна лаьттан йистошкара! Хастам бе Цунна аш, хӀорда тӀехула леларш, хӀорда чуьра дерриг а дийнаташ, хӀордан йистера мехкаш а, царна тӀехь Ӏаш берш а.


ХӀаллакьхуьлуш болчарна Ӏийса жӀарах дӀатохарх лаьцна болу хаам сонта бу. Ткъа кӀелхьардохуш долчу тхуна – иза Делан ницкъ бу.


Шен сих бен дуьзна доцучу адамо Делан Сино луш долу хӀуманаш тӀе ца оьцу, шена уьш сонта хета дела. Иза царах кхетийла а дац, Делан Синан гӀоьнца бен уьш къаста ца ло дела.


Со дӀахьаьжча, суна Цийон-лам тӀехь лаьтташ болу и Ӏахар гира. Цуьнца цхьаьна лаьтташ цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаг вара. Церан хьаьжнашна тӀехь Цуьнан цӀе а, Цуьнан Ден цӀе а дӀаязйина яра.


Цара Далла гӀуллакх деш хиллачу Муса-пайхамаран а, Ӏахаран а илли олура: «Даккхий а, инзаре а ду Хьан гӀуллакхаш, массо а ницкъийн Веза Дела! Нийса а, билггал бакъ а ду Хьан некъаш, дуьненан къаьмнийн Паччахь!


Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчунна къайлаяьккхинчу ‹манна› олучу кхачанан буьртигийн дакъа лур ду Ас. Цунна кӀайн тӀулг а лур бу Ас, тӀеязйина керла цӀе а йолуш. И цӀе цхьанна а хуур яц, иза йолчунна бен’“».


Цара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо, и тептар схьа а эцна, цу тӀера мухӀарш дӀадаха, хӀунда аьлча Хьо вийна вара. ХӀора тайпанашна а, меттанашна а, хӀора халкъана а, къомана а тӀера Делан дуьхьа Хьайн цӀий Ӏанорца адамашна тӀера мах дӀабелира Ахьа.


И мухӀар а тоьхна, билгалваьккхинарг маса стаг ву олуш а хезира суна. Уьш исраилхойн массо а тӀаьхьенах волу цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаг вара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios