Цара и латта шайн туьраца а ца даьккхира, шайн ницкъаца а ца даьккхира. Хьан нуьцкъалчу аьтту куьйгаца а, Хьан юьхь тӀера лепачу нуьраца а даьккхира цара и латта, Хьо царна реза хиларна.
КхозлагӀчу дийнахь лома тӀе юькъа марха йоьссира. Къекъаш стигал а яра, серладуьйлуш стелахаьштигаш а дара, хезаш уьстагӀан маӀан вуно онда аз а дара. Меттамотт болчохь долу адам чӀогӀа кхераделира.
Дерриг а халкъана стигалан къекъар а, цӀеран алу а, кӀур туьйсу лам а гора, уьстагӀан маӀан аз а хезара. И сурт гича, кхоьруш, генна а бевлла, хьоьжуш лаьттара нах.