Дийнахь а, буса а дӀа а ца довш, догуш хир ду и латта, массо а хенахь кӀур хир бу цунна тӀера хьалаоьхуш. Массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенехь дӀатесна а, даьсса а хир ду иза. Абаденналц цхьа а гӀур вац цунна тӀехула дӀа.
Цу экханан мухӀар таӀийна воцучу цхьаннан а йиш ца хилла хӀумма а я эца а, я йохка а. Ткъа оцу мухӀар тӀехь цу экханан цӀе я цуьнан цӀеран терахь дара.