Цу хенахь хӀорра а Везачу Эле кхойкхуш верг кӀелхьарвоккхур ву. Везачу Эло ма-аллара, кӀелхьардовлар Цийон-лам тӀехь а, Ярушалаймехь а хир ду. КӀелхьарбаьхнарш Дала Ша тӀекхайкхинарш хир бу».
Толам баьккхинарш Сан Делан цӀа чохь бӀогӀам хилла дӀахӀуьттур бу, цу чуьра кхин ара а бевр бац. Царна тӀехь Сайн Делан цӀе а язйийр ю Ас, Сайн Делан гӀалин цӀе а язйийр ю. Иза Сан Делера стигалара охьайогӀуш йолчу Ярушалайм-гӀалин цӀе хир ю. Сайн керла цӀе а язйийр ю Ас царна тӀехь.