Цу паччахьо шена луъург а, дагадеънарг а дийр ду. Иза муьлххачу делал лакха а вер ву, кура а вер ву. Деланашна тӀехь а Дела верг емал а веш, луьйр ву иза. Делан оьгӀазло хиллалц иза тоьлур ву, хӀунда аьлча билгалдаьккхинарг кхочушхир ду.
Иза Веза Воккха Дела емалвеш а хир ву, Веза Воккхачу Делан нахана таӀзар а дийр ду цо. Церан деза денош а, Ӏедал а хийца гӀертар ву иза. И нах цуьнан кара дӀалур бу зама а, заманаш а, ахзама а чекхъяллалц.
Цхьаьнгге а цхьана а кепара шаьш ле ма дайталаш, хӀунда аьлча адам, Ӏеса а даьлла, Далла дуьхьал эргӀаддаьлча а, хӀаллакьхиларна лерина волу а, зуламех кхачам хиллал вуьзна волу а цхьа стаг гучуваьлчий бен, и де тӀедогӀур доцу дела.