Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 13:16 - Делан Йозанаш

16 ШолгӀачу экхано массо а адамийн – лараме воцчун а, цӀеяханчун а, хьалдолчун а, мискачун а, паргӀат волчун а, лай волчун а – аьтту куьйга тӀе я хьаьжа тӀе мухӀар таӀор тӀедиллира.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 13:16
26 Referencias Cruzadas  

Ткъа Исраилан Веза Дела лохуш воцу муьлхха а вен веза, иза жима велахь я воккха велахь, иза стаг велахь я зуда елахь.


Амма Цо баьччанашка озабезам а ца бо, ткъа хьалдерг къечух а ца къаставо, хӀунда аьлча уьш берриш а Цуьнан куьйгаша кхоьллина бу.


Хазаллехь кхоччуш болчу Цийон-лома тӀера Дела Шен нуьраца серлавуьйлу.


Куьйга тӀе йихкина хӀума санна хуьлийла иза хьуна, хьетӀехь йина йолу билгало санна, хуьлийла. Цу дезачу дийно дагахь латтор ду хьуна Везачу Элан хьехамах ахь дуьйцуш хила дезар, хӀунда аьлча Шен боккхачу ницкъаца Везачу Эло хьо Мисарара араваьккхина.


Цо элира: «Ярушалаймехула дӀа а гӀой, гӀалахь мел лелош долу дегаза хӀуманаш бахьана долуш гӀайгӀа еш, узарш деш болчу нехан хьаж тӀехь билгало е».


Ткъа цуьнга эр ду: „Хьан некха тӀехь моьнаш хӀунда ду?“ Цо жоп лур ду: „Со везаш болчеран цӀа чохь суна йиттина дела“, – аьлла».


Амма Дала гӀо дира суна, таханалера де кхачале а. Цуьнан гӀоьнца лаьтташ ву со тахана кхузахь хьалдолчу а, къечу а нахе тоьшалла деш, кхин хӀумма а ца дуьйцуш, пайхамарша а, Мусас а хир ду аьлларг бен:


ХӀунда аьлча вайх хӀора а цхьана Делан Синах вуьзна вара, вайх массарах а цхьа дегӀ хилийтархьама. Вай жуьгтий я кхечу къаьмнех делахь а, леш я паргӀат адамаш делахь а, вайга хӀоранга а цхьана Синах малийтина дара.


Бац шуна юкъахь я жуьгтий а, я кхечу къомах долу адамаш а, я лай а вац, я паргӀатниг а вац, я божарий а, я зударий а дац шу – шу массо а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна цхьаъ ду.


ТӀаьххьара а: цхьаммо а бала ма бойла суна, хӀунда аьлча Ӏийсан чевнаш аса сайн дегӀаца лелош ю.


Лай я маьршаниг велахь а, нагахь цо диканиг дахь, цунна изза Везачу Элера юхакхочур дуйла хууш, делаш шаьш дийриг.


Цундела хӀара сан дешнаш шайн дегнаш чу а, синош чу а дӀадахка, дӀаяздина долу и дешнаш шайн куьйгаш а, хьаьжнаш а тӀе дӀадехка, уьш дагадаийтархьама.


Шайн куьйгаш тӀе дӀадехка уьш билгалонна, шайн хьаьжнашна тӀе а дӀадехка уьш хьехорна.


Иза иштта хиларна, цхьа а башхо яц кхечу къомах волчу стагана я жуьгтичунна юкъахь, сунтвинчунна я сунтваза волчунна юкъахь, оьздачу халкъан волчу стагана я оьздангалла йоцучу халкъан стагана юкъахь, лена я маьршачунна юкъахь. Мелхо а, Дала леррина Къобалвинарг уггар лараме Верг а ву, Иза массаьрца а ву.


Яннай а, Ямвари а Муса-пайхамарна дуьхьал ма-валлара, уьш а дуьхьалбевлла билггал бакъдолчунна. Церан кхетам телхина бу, ткъа церан тешар зийча, уьш Ӏийсах баккъалла а тешаш ца хилар гучудолу.


Къаьмнаш дарделла дӀахӀиттира, амма хӀинца Хьан оьгӀазло а тӀееана, Ахь беллачарна тӀехь кхел ен хан а тӀекхаьчна. Ахьа Хьайн ялхой болчу пайхамаршна а, Хьан долахь болчарна а, Хьо лоруш болчарна а, лараме боцучарна а, цӀеяхана болчарна а хьакъ дерг дӀало хан а тӀееана. Латта хӀаллакдеш берш хӀаллакбо хан а тӀееана!»


ТӀаккха цӀерах дӀаийна долчу ангалин болуш санна, хӀорд гира суна. Ткъа оцу экханна а, цуьнан суьртана а тӀехь – шен цӀеран терахь долчу цхьанна тӀехь – толам баьккхинарш цу ангалин хӀордана йистехь лаьтташ бара. Церан карахь Дала делла мерз-пондарш дара.


Аша дӀадаа паччахьийн а, тӀеман коьртачу хьаькамийн а, тӀемалойн а дилха а, иштта дойн а, церан дошлойн а, паргӀат болчу массеран а, леш болчеран а, лараме боцучеран а, цӀеяхначийн а дилха а».


Амма экха а, цунна хьалха тамашийна билгалонаш еш хилла волу харцпайхамар а схьалецира. Оцу шен гӀуллакхашца цо Ӏехийнера экханан мухӀар шайна тӀедиллийтинарш а, экханан суьртана Ӏибадат дийраш а. Экха а, харцпайхамар а, ший а дийна доллушехь, чохь саьмгал долчу а, цӀе яьлла богучу а Ӏома чу тесира.


ТӀаккха оцу Ӏаршара схьадолу кхин а аз хезира. Цо бохура: «Хастамаш бе вайн Далла массо а Цуьнан ялхой болчара а, Цунах кхоьруш болчу лараме боцучара а, цӀеяханчара а».


ТӀаккха суна гира лараме боцу а, цӀеяхана хилла болу а белларш. Уьш Ӏаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТӀаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира – иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тӀе дӀаяздина долчу адамийн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна.


Цул тӀаьхьа суна гира паччахьан гӀанташ. Царна тӀе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дӀасадаржорна а, Ӏийсах тоьшалла дарна а тӀера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Ӏибадат ца динера цара. Цу экханан мухӀар а тӀе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тӀе а, я куьйгаш тӀе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира.


Лаьттара паччахьаш а, церан уллоранаш а, тӀеман хьаькамаш а, хьалдерш а, нуьцкъалнаш а, массо леш а, паргӀат берш а хьехашна чохь а, чӀажашна чохь а дӀалевчкъира.


«Вайн Далла гӀуллакх деш болчеран хьаьжнаш тӀе мухӀар тоххалц, зулам ма делаш я лаьттана, я хӀордашна, я дитташна».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios