7 Стигалахь тӀом болабелира. Микаал-малико а, цуьнан маликаша а саьрмикна дуьхьал тӀом бира. Ткъа саьрмик а, цуьнан тиладелла маликаш а царна дуьхьалдевлира.
Везачу Эло боху: «Сан тур стигалахь, дераллах даха а дехна, кечдина ду. Хьовсал, кхел ян езачу а, Аса дерриг хӀаллакден долчу а Эдоман халкъана тӀедуссуш ду иза».
Хьовсал, Ас Цунах дуккха а халкъашна теш вира, тхьамда а, куьйгалхо а вира царна.
Амма Парси-пачхьалкхана тӀехь олалла деш волу жинийн эла ткъе цхьана дийнахь суна дуьхьало еш лаьттира. Ткъа коьртачу эла-маликех цхьаъ долу Микаал-малик суна гӀо дан деара, со Парси-мехкан паччахьна уллохь хьевелла дела.
«Оцу хенахь хьан халкъ Ӏалашдеш долу а, сийлахь эла долу а Микаал-малик гучудер ду. ТӀаккха адамаш дуьнен чу девллачхьана, хӀокху ханна тӀекхаччалц, цкъа а хилла йоцу хала хан йогӀур ю. Ткъа оцу хенахь хьан халкъана юкъара берриг а Делан тептар тӀе дӀаязбина карор берш кӀелхьарбевр бу.
Адамийн КӀанта Шен маликаш дохуьйтур ду, къинош летош, зулам лелош берш Шен Олаллера, схьа а къастийна,
Адамийн КӀант шен Ден сийлаллица, гонах маликаш а долуш, схьавеача, Цо стагана хьакъ дӀалур ду, хӀораммо а динчуьнга хьаьжжина.
Турбин озаца Ша хаьржинарш дуьненан еъа а маьӀӀера схьагулбан дохуьйтур ду Цо Шен маликаш, стигалийн цхьана йистера вукху йисте кхаччалц».
ТӀаккха Шена аьрру агӀор болчаьрга эр ду: „Гена довла Суна, Делан неӀалт хилларш! Иблисаний, цуьнан харцмаликашний кечйинчу жоьжахатин цӀера юккъехь ю шун меттиг.
Сайн Дега орца ца даккхалуш ву-м ца моьтту хьуна Со? Аса Шега хаам бинчу сахьтехь Цо маликийн шийтта сов эскар Суна гӀоьнна доуьйтур дац моьтту хьуна?
Делера долу даккхий дӀаделладаларш бахьана долуш со кура ца валийта, сан дегӀах цхьа кӀохцал дахийтинера: со хьийзорхьама, иблисан геланча ваийтинера!
ХӀунда аьлча вай адаман дилхана а, цӀийна а дуьхьал беш бац тӀом, амма стигалшкахь болчу хьаькамашна а, олалла дечарна а, кху боданечу дуьненан куьйгалхошна а, харцжинашна а дуьхьал беш бу.
ткъа баланаш ловш долчу шуна тхоьца цхьаьна синтем хир бу. Иза хир ду Веза Эла волу Ӏийса Шен нуьцкъалчу маликашца а, йогучу цӀарца а стигалшкара гучуволучу хенахь.
ХӀунда аьлча дерриг а Шен дуьхьа а, дерриг а Шегара а Долчунна товш дара, дукхахберш сийлаллина тӀебоьдучу новкъахула а буьгуш, уьш кӀелхьарбохуш волу Баьчча баланех чекхваккхар.
ХӀунда аьлча къинош летийначу маликашна а геч ца дина Дала. Жоьжахатин бодашка хьовсийна Цо уьш, царна тӀехь кхел яллалц, уьш цигахь буржалш а тоьхна дита.
Мусан докъах лаьцна ша иблисаца къуьйсучу хенахь коьртачу Микаал-малико, Ӏоттар еш бехке хӀума ала а ца даьхьна, иштта аьлла: «Везачу Эло таӀзар дойла хьуна».
Саьрмик а, цуьнан тиладелла маликаш а цу къовсамехь дуьхьал ца латтаделира. Стигалшкахь кхин меттиг яцара царна.
И боккха саьрмик Лаьтта охьатесира. Иза массарна а бевзаш болу шира лаьхьа бара. Цунах иблис а, Делан мостагӀа а олу. Цо дерриг а дуьне Ӏехадо. Цуьнца цхьаьна цуьнан маликаш а лаьтта охьатийсира.
Цунна бакъо елира Делан нахаца тӀом бан а, царна тӀехь толам баккха а. Иштта массо а тайпанашна а, халкъашна а, меттанашна а, къаьмнашна а тӀехь олалла дан бакъо елира цунна.
Шех иблис а, Делан мостагӀа а олу, шира лаьхьа болу саьрмик, схьа а лаьцна, цхьана эзар шарна зӀенашца дӀабихкира малико.