Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 12:5 - Делан Йозанаш

5 Оцу зудчо кӀант вира. Иза аьчка гӀожаца массо а халкъашна тӀехь олалла дан билгалваьккхинера. ЦӀеххьана и бер Далла хьалха, Цуьнан Ӏаршана тӀе дӀадигира.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 12:5
14 Referencias Cruzadas  

Беро хьийза а яле, зудчо бер дина, цунна лазарш а хилале, цо кӀант вина.


Хьалдолчу Эло Ша лур ю шуна билгало: „ЙоӀа, берах а хилла, кӀант вийр ву, цуьнан цӀе Ӏимануал туьллур ю.


Дукха лелар дуй хьо дӀасауьдуш, тешаме йоцу йоӀ санна долу халкъ? Везачу Эло дуьнен чохь керланиг кхуллу: зудчо шен майра кӀелхьарвоккхур ву.


Цундела Везачу Эло Исраилан халкъ церан мостагӀийн кара дӀалур ду, берах йолчо бер даллалц а, халкъах къаьстина вежарий исраилхойх дӀакхетталц йолчу ханна.


Амма бер дина яллалц, цо цунах куьг ца туьйхира. Юсупа цу кӀентан цӀе Ӏийса тиллира.


Иштта цаьрца къамел динчул тӀаьхьа Ӏийса-Эла, стигала хьала а ваьккхина, Далла аьтту агӀор охьахиира.


Суна Дала леррина Къобалвинчуьнца волу цхьа стаг вевза. Дейтта шо хьалха, (дегӀаца я синца ваьккхина ца хаьа суна, иза Далла бен хуур дац) и стаг кхоалгӀачу стигала хьалаваьккхина хилла.


ялсамане кхачийна. Цигахь цхьаьнгге а алалур доцу дешнаш хезна цунна. И дешнаш цхьаммо а ала мегар дац.


Шина пайхамарна стигалара чӀогӀа аз хезира. Цо бохура: «Хьаладовла кхуза!» ТӀаккха и шиъ мархица стигала хьалавелира. Ткъа церан мостагӀий цаьрга хьоьжуш бара.


Ша лаьтта охьатеснийла а гина, и саьрмик кӀант винчу зудчунна тӀаьхьабелира.


И зуда берах яра. Бер дан хьийзочу лазаршна, цо мохь хьоькхура.


Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тӀехь толам баккхархьама. Аьчка гӀожаца Цо олалла дийр ду царна тӀехь. Массо а ницкъийн Делан оьгӀазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios