Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 12:3 - Делан Йозанаш

3 Кхин а цхьана билгалонан сурт а хӀоьттира стигалахь. Боккха цӀен саьрмик гучубелира. Цуьнан ворхӀ корта а бара, итт маӀа а яра, хӀора коьрта тӀехь таж а дара.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 12:3
27 Referencias Cruzadas  

Цу дийнахь Везачу Эло Шен чӀогӀачу а, доккхачу а, нуьцкъалчу а туьраца таӀзар дийр ду Левиятан цӀе йолчу а, текхаш а, хьийзаш а болчу лаьхьанна. ХӀордан и саьрмик буьйр бу Цо.


ГӀаттахьа, Веза Эла, гӀо дехьа тхуна! Хьайн ницкъаца тхо кӀелхьардахахьа. ГӀаттахьа, хьалхалерчу заманашкахь санна, дӀаяханчу тӀаьхьенийн деношкахь санна! РахӀаб-саьрмик дӀахедийнарг Хьо вацара ткъа? Цу хӀордан саьрмиках тур Ӏоьттинарг Хьо вацара ткъа?


Воккханиг а, цӀе яхана верг а, – иза корта бу, харцо Ӏамош волу пайхамар – иза цӀога ду.


Ткъа хьуна гина болу когаш а, когийн пӀелгаш а, цхьа дакъа кхийрачу поппарх, важа дакъа эчигах лаьтташ долу, – иза хир ю екъаелла пачхьалкх. Цуьнца жимма эчиган чӀагӀо хир ю, хӀунда аьлча хьуна гира эчиг кхийран поппарх эделла.


Когийн пӀелгаш эдинчу эчигах а, поппарх а дина хиларе терра, иштта и пачхьалкх а хир ю цхьайолу меттигаш чӀогӀа йолуш, вуьш экам йолуш.


Цуьнан коьрта тӀехь йолчу итт маӀах а, шена тӀехь бӀаьргаш долчу а, кура луьйш бага йолчу а, вукхарал езо хетачу кхечу маӀах а лаьцна хаа лиира суна. И яра, шена хьалхара кхо маӀа охьа а йожош, керла яьлла маӀа.


Итт маӀо гойту цу пачхьалкхера итт паччахь вериг хилар. Царал тӀаьхьа, царах тера а воцуш, кхин цхьа паччахь вер ву. Цо царна юкъара кхо паччахь охьатаӀор ву.


Стигалахь цхьа йоккха билгало дӀахӀоьттира. Цигахь малхах дина духар тӀехь долу зуда яра. Цуьнан когаш кӀел бутт бара. Ткъа коьрта тӀехь шийтта седа болу таж дара.


Ша лаьтта охьатеснийла а гина, и саьрмик кӀант винчу зудчунна тӀаьхьабелира.


Саьрмик чӀогӀа дарбелира цу зудчунна. Иза цу зудчун тӀаьхьенах болчу кхечаьрца тӀом бан бахара. Уьш бара, Делан весеташ кхочуш а деш, Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш берш.


Стигалахь долчу седарчийн кхоалгӀа дакъа, шен цӀоганца дӀа а гулдина, лаьтта охьатесира цо. И саьрмик бер дан дезаш йолчу зудчунна хьалха лаьтташ бара, и бер, дуьнен чу ма-делли, дӀакхаллархьама.


Стигалахь тӀом болабелира. Микаал-малико а, цуьнан маликаша а саьрмикна дуьхьал тӀом бира. Ткъа саьрмик а, цуьнан тиладелла маликаш а царна дуьхьалдевлира.


И боккха саьрмик Лаьтта охьатесира. Иза массарна а бевзаш болу шира лаьхьа бара. Цунах иблис а, Делан мостагӀа а олу. Цо дерриг а дуьне Ӏехадо. Цуьнца цхьаьна цуьнан маликаш а лаьтта охьатийсира.


ХӀордан гӀамар тӀехь хӀоьттина Ӏара и саьрмик. Суна хӀорда чуьра схьадолуш долу цхьа экха гира. Цуьнан ворхӀ корта а бара, итт маӀа а яра. МаӀаш тӀехь итт таж дара. Цуьнан кортош тӀехь Дела сийсазвеш йолу цӀераш яра.


И суна гина долу экха цӀокъбергах тера дара. Цуьнан когаш чен когех тера бара. Ткъа цуьнан бага лоьман баганах тера яра. Саьрмико шен ницкъ а, шен олаллин меттиг а, доккха олалла а делира цу экханна.


Адамаша цу саьрмикна Ӏибадат дора, цо шен олалла цу экханна делла дела. Наха, цу экханна Ӏибадат а деш, олура: «Кху экхане кхочуш мила ву? Мила ву цуьнца къовсалур волуш?»


ТӀаккха стигалахь кхин а цхьа тамашийна билгало гира суна. Иза йоккха а, инзаре а яра. Шайгахь тӀаьххьара бисина ворхӀ бала болу ворхӀ малик а дара цигахь. Уьш тӀаьххьара баланаш бара, хӀунда аьлча цаьрца чекхйолура Делан дералла.


ТӀаккха суна гира саьрмикан багара а, экханан багара а, харцпайхамаран багара а арадолу, бецан пхьидех тера долу кхо харц жин.


Хьуна гуш йолу итт маӀа – уьш хӀинца а олалла дан волавалаза волу итт паччахь ву. Царна хӀоранна а цхьацца сахьтехь экханца цхьаьна, паччахьо санна, олалла дан бакъо лур ю.


Хьуна гиначу итте а маӀана а, экханна а бӀаьрга ян а езар яц и нахаца леларг. Цуьнан долахь мел дерг схьа а даьккхина, цара иза ерзина йоккхур ю. Цара цуьнан дегӀ а дуур ду, и цӀергахь ягор а ю.


Малико соьга элира: «Хьо инзар хӀунда вуьйлу? Оцу зудчун а, иза шена тӀехь лелош долчу ворхӀ корта а, итт маӀа а йолчу экханан а къайле юьйцур ю ас хьуна.


Цуьнан бӀаьргаш йогуш йолчу цӀерах тера ду. Ткъа Цуьнан коьрта тӀехь дуккха а таьжнаш ду. Цунна тӀехь язйина, Цунна Шена бен, кхин цхьанна а хууш йоцу цӀе ю.


Шех иблис а, Делан мостагӀа а олу, шира лаьхьа болу саьрмик, схьа а лаьцна, цхьана эзар шарна зӀенашца дӀабихкира малико.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios