Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 12:2 - Делан Йозанаш

2 И зуда берах яра. Бер дан хьийзочу лазаршна, цо мохь хьоькхура.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 12:2
12 Referencias Cruzadas  

Берах йолчу зудчо, бер хуьлу хан тӀе а кхаьчна, лазарша ша хьийзош, мохь хьоькхуш санна, дара тхо Хьуна хьалха, Веза Эла.


Шен сино бала хьегначул тӀаьхьа, Цунна юха а дахаран серло а гур ю, Шена тосаделлачуьнгахула Ша тӀекхаьчначунна Иза реза а хир ву. Нийсаверг волчу Сан Ялхочо дуккха а нах Суна хьалха бакъбийр бу, церан къинош Шена тӀехь дӀа а хьур ду.


«Мохь хьекха, бер ца хуьлуш ерг, цкъа а бер хилла а йоцург! Хазахетаран цӀогӀа тоха, мохь хьекха, бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг, хӀунда аьлча йитинчун бераш сов ду, майра волуш йолчун чул», – боху Везачу Эло.


ЛадогӀа! ГӀалара схьахезаш гӀовгӀа ю, Делан цӀа чуьра аз ду хезаш. Иза Шен мостагӀашна бекхам беш волчу Везачу Элан аз ду.


Стенна хьоькху ахь и шийла мохь? Паччахь вац ткъа хьан? Я хьо цхьа а хьехамча воцуш-м ца йисина, берах хьийзош ерг санна, лазарша сел чӀогӀа дӀалаццал?


Цундела Везачу Эло Исраилан халкъ церан мостагӀийн кара дӀалур ду, берах йолчо бер даллалц а, халкъах къаьстина вежарий исраилхойх дӀакхетталц йолчу ханна.


Амма иза, берах хьийзош йолчу зудчун санна, халчу баланийн юьхь бен хир яц.


Бер деш йолу зуда хуьлу гӀайгӀане, шен бер до хан тӀекхаьчна дела, ткъа шен бер хилла даьлча, хазахетарна и гӀайгӀа йицло цунна, ша адам дуьнен чу даккхарна.


Сан бераш! Бер дуьненна чу долуш ненан хуьлу лазарш санна, сан юха а хуьлу-кх и лазам шу бахьанехь. Иза иштта хир а ду, Дала леррина Къобалвинчун вастехь шу хиллалц.


Яздина ма-ду: «Хазахета хьайна, бер ца хуьлуш ерг, цкъа а бер хилла а йоцург! Хазахетарца йоккхае, бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг, хӀунда аьлча йитинчун бераш сов ду, майра волуш йолчун чул».


Стигалахь долчу седарчийн кхоалгӀа дакъа, шен цӀоганца дӀа а гулдина, лаьтта охьатесира цо. И саьрмик бер дан дезаш йолчу зудчунна хьалха лаьтташ бара, и бер, дуьнен чу ма-делли, дӀакхаллархьама.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios