Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 11:9 - Делан Йозанаш

9 ТӀаккха кхаа дийнаххьий, эха дийнаххьий массо а халкъашна а, тайпанашна а, меттанашна а, къаьмнашна а юкъара дукхах долчу адамашна и декъий гур ду. И ши дакъа къубба чу дуьллуьйтур дац.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 11:9
14 Referencias Cruzadas  

юха а вирзина, Дала хьайга ‘бепиг ма даалахь, хи ма малалахь’ аьллачу оцу меттехь ахьа бепиг а даарна, хи а маларна, хьан дакъа дайн къубба чу дуьллур дац“».


Иштта, стеган бӀе доьзалхо хила а, иза дуккха а ваха а тарло. Амма иза мел дукха вахахь а, нагахь оцу стага шен долахь долчу диканах ма-бохху марзо а ца эцахь, иза веллачул тӀаьхьа, цуьнан оьзда дӀаволлар а ца хилахь, тӀаккха ала мегар ду, делла динчу берана а дикаха ду, оцу стагана чул.


Къа ду хьан, халкъ, чӀана даьккхина доцу чӀана даккхархо! Хьан а къа ду, цхьаммо а ямартло йина воцу ямартхо! Нах чӀана баьхна хьо даьлча, хьо а доккхур ду чӀана. Ямартло йина хьо даьлча, хьуна а йийр ю ямартло.


Беллачеран декъий лаьттахь Ӏохкуш хир ду, стигаларчу олхазарша а, акхароша а дууш. Уьш царна тӀера дӀалахка цхьа а стаг а хир вац.


Аша нахана кхел ярх терра, шуна а кхел йийр ю. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах.


Соьга элира: «Ахьа юха а Делера болу хаам бан безар бу дуккха а долчу халкъех а, къаьмнех а, меттанех а, паччахьех а лаьцна».


Ткъа кхо дей, ах дей дӀадаьлча, цу шинна чу Делера йолу дахаран Ӏаь юьйлира. ТӀаккха и шиъ шайн когаш тӀе хьалахӀоьттира. Ткъа цаьрга хьоьжуш берш чӀогӀа кхерабелира.


Цунна бакъо елира Делан нахаца тӀом бан а, царна тӀехь толам баккха а. Иштта массо а тайпанашна а, халкъашна а, меттанашна а, къаьмнашна а тӀехь олалла дан бакъо елира цунна.


Малико соьга элира: «Шена тӀехь и нахаца лелаш ерг а йолуш, хьуна гина долу и хиш – уьш халкъаш а, тобанаш а, къаьмнаш а, меттанаш а бохург ду.


ТӀаккха, Цо и тептар караэцча, диъ дийнат а, ткъе виъ къано а Ӏахарна хьалха охьавуьйжира. Цаьргахь хӀорангахь а мерз-пондарш а, дашо боганаш а дара. И боганаш хаза хьожа йогӀучу хӀуманах дуьзна дара. Боганаш чохь дерш Делан долахь болчеран доӀанаш дара.


Цара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо, и тептар схьа а эцна, цу тӀера мухӀарш дӀадаха, хӀунда аьлча Хьо вийна вара. ХӀора тайпанашна а, меттанашна а, хӀора халкъана а, къомана а тӀера Делан дуьхьа Хьайн цӀий Ӏанорца адамашна тӀера мах дӀабелира Ахьа.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios