Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 11:4 - Делан Йозанаш

4 Дерриг а Лаьтта тӀехь олалла Дечунна хьалха лаьтташ долу ши зайт-дитт а, ши къуьда а бу и ши теш.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 11:4
14 Referencias Cruzadas  

ГалӀад-махкарчу Тишаб-гӀалара волчу Эли-ЯхӀу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «Шена гӀуллакх деш волчу а, дийна волчу а Исраилан халкъан Везачу Делах чӀагӀо йо аса, хӀокху шерашкахь я тхи, я догӀа хир дац аьлла, аса омра даллалц».


Сан халкъ тӀехь Ӏаш долу ГӀашан-мохк дӀакъастор бу Ас, цигахь жӀаьлийн мозий хир дац. ТӀаккха хьуна хуур ду, Со, Веза Эла, кху махкахь вуйла.


Хьо Кхоьллинарг ву хьан майра – Цуьнан цӀе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Хьо ПаргӀатъяьккхинарг Исраилан халкъан Веза Дела ву, Цунах дерриге а лаьттан Дела олу.


Веза Эла волчу Аса Сан къам долчу хьох лаьцна аьллера, хьо хазачу кепара болу стоьмаш тӀехь а болуш лаьттачу сийначу зайтдиттах тера бу. Ткъа хӀинца, доккхачу дарцан гӀовгӀанца, Аса цунна цӀе латор ю, цуьнан гаьннаш цхьана а пайденна а хир дац.


Везачу Эло боху: «Цийонан йоӀ, хьалагӀатта, ялта ара! ХӀунда аьлча Ас, аьчка маӀаш а, цӀестан бергаш а йолу сту санна, онда хуьлуьйтур ю хьо. Ахьа дукха халкъаш хӀаллакдийр ду. Ахь цара нахера дӀадаьккхинарг а, церан хьал а дерриге а дуьненан Олахо волчу Везачу Элана дӀалур ду».


«Цхьаммо а ца хӀоттабо латийна стогар иза ца гунболчу метте я кхаби кӀел. Мелхо а хӀора чувогӀучунна серло гун йолччу лакха хӀоттабо.


Гуттар а сема хила, доӀанаш де, мел хила безаш болчу баланех чекхдовла шайн ницкъ хилийтархьама, Адамийн КӀантана хьалха хӀитта кийча хилархьама».


Зайт-диттана тӀе, шен долу гаьннаш дӀа а хедийна, акхачу диттан гаьннаш тӀедогӀаре терра, иштта, кхечу къаьмнех болу нах, шу а тӀедоьгӀна долу га санна ду, зайт-диттан орамех схьаболучу ницкъах а, дахарх а дӀакхетта.


ХӀетахь Везачу Эло Левин тайпа дӀакъастийра, цуьнга Везачу Элаца динчу бертан тӀорказ дӀасалеладайтархьама а, Везачу Элана хьалха гӀуллакх дайтархьама а, Цуьнан цӀарах декъалдарш дӀакхайкхадайтархьама а. Таханлерчу дийне схьакхаччалц иза хӀинца а иштта схьадогӀуш ду.


Сан аьтту куьйгахь хьуна гиначу ворхӀ седанан а, ворхӀ дашо стогаран а къайле иштта ю: ворхӀ седа – уьш Ӏийсах тешначийн динан ворхӀ тобанан маликаш ду бохург ду. Ткъа хьуна гина болу ворхӀ стогар – уьш ворхӀе а динан тобанийн гулам бу».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios