Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 11:3 - Делан Йозанаш

3 Аса Сайн шина тешана олалла лур ду Сайгара болу хаамаш бан. Вон тӀедеача тӀеюхуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, цхьа эзар ши бӀе кхузткъа дийнахь Соьгара болу хаамаш дӀакхайкхор бу цара».

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 11:3
43 Referencias Cruzadas  

Шена тӀера бедарш а этӀийна, Ӏаьржа духар а дуьйхина, дуккха а деношкахь кӀантах белхар дира Якъуба.


Дауда Йоабе а, цуьнца хиллачаьрга а элира: «Шайна тӀера бедарш этӀа а яй, шаьш гӀайгӀане дуйла хоуьйтуш йолу бедарш юха, Абунарна делха». Абунаран дакъа кешнашка дӀахьочу хенахь Дауд-паччахь барамна тӀаьхьахӀоьттина воьдуш вара.


Оцу массо а дешнашка ла а доьгӀна, Ахьаба шена тӀера бедарш этӀийра. Цо шена тӀе сингаттаман бедарш юьйхира. Иза марха а кхобуш, оццу бедаршца дӀа а вуьжуш, чӀогӀа сингаттаме вара.


Шена и хабар ма-хеззи, шен тӀехулара бедарш а этӀийна, сингаттаман духар тӀе а дуьйхина, Везачу Элан цӀа долчу вахара Хьузакх-ЯхӀу.


Шен бӀаьргаш хьалахьажийча, Даудана гира лаьттана а, стигална а юкъахь Ярушалаймана тӀехула баттара даьккхина тур карахь долу Везачу Элан малик. ТӀаккха Дауд а, къаной а, тӀехь сингаттаман духар а долуш, шайн яххьаш тӀе лаьтта охьаийгира.


Цу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь исраилхой схьагулбелира, марха а кхобуш, шайна тӀехь сингаттаман духар а долуш, коьрта тӀе тесна ченаш а йолуш.


Аса сайн чкъурана сингаттаман бедарш а тегна, гӀора а дайна, дог доьхна чена юккъе охьа а хиъна.


Массо а ницкъийн Везачу Эло цу дийнахь делха а, латкъам бе а, месаш дӀахедае а, шайна тӀе сингаттаман барзакъ духа а бохура шуьга.


Билггал хаа ду хьуна, тахана Аса хьо дӀахӀоттий халкъашка а, пачхьалкхашка а Сан цӀарах вистхила. Ахьа дӀахьедийр ду, уьш орамашца бухдаьхна а, дохийна а хир ду аьлла, уьш хӀаллакдина а, дӀадаьхна а хир ду аьлла, уьш юхаметтахӀиттийна а, юхадоьгӀна а хир ду аьлла».


К ъаной ма бу бист ца хуьлуш хевшина, Цийонан йоӀан къаной лаьтта тӀе охьахевшина. Цара шайн кортошна тӀе ченаш а ма тийсина. Сингаттаман бедарш цара догӀмаш тӀе а юьйхина. Ярушалайман йоӀарша а, гӀайгӀанехь дӀа а хӀиттина, халахетарца кортош шайн охьадахийтина.


Иза хьо дина ваьллачул тӀаьхьа, аьтту агӀор а верзий, шовзткъа дийнахь Ӏилла. Цу деношкахь ахьа ЯхӀудан халкъан къинош хьайна тӀеоьцу, цхьа де цхьана шарца а нисдеш: оццул хан ю Ас хьуна билгалъяьккхинарг.


ТӀаккха гатанан духарца хиш тӀехь лаьттачу стага аьтту а, аьрру а куьйгаш стигала а айина, даим вехаш волчу Делах дуй а бууш, олуш хезира суна: «Заманан а, заманийн а, заманан эханан чаккхенгахь а, Делан нехан ницкъ эшор чекхдаьлча, хӀара дерриг а чекхдер ду».


Иза Веза Воккха Дела емалвеш а хир ву, Веза Воккхачу Делан нахана таӀзар а дийр ду цо. Церан деза денош а, Ӏедал а хийца гӀертар ву иза. И нах цуьнан кара дӀалур бу зама а, заманаш а, ахзама а чекхъяллалц.


Суна хезира вукхо делла жоп: «Ши эзар кхо бӀе суьйре а, Ӏуьйре а яьлча, Делан цӀа цӀанлур ду».


Сингаттаман духар а духий, юкъ а ехкий, делха, динан дай! Тийжа, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь гӀуллакх дийраш! Схьадуьйла, сингаттаман духарш а духий, буьйсанаш яха, сан Далла гӀуллакх дийраш! ХӀунда аьлча шун Делан цӀа чохь лелош дац кӀен а, чагӀаран а сагӀа даккхар.


ТӀаккха тийшира Делах Нунав-гӀалин бахархой. Цара кхайкхийра марха кхабар. Воккхачо а, жимачо а вон тӀедеача юхуш йолу бедарш тӀеюьйхира.


«Массо адамаша вон тӀедеача юхуш йолу бедарш тӀеюха. Даьхнина тӀе хӀуманаш таса. Массара а шийлачу маьхьаршца Деле а кхайкха. ХӀораммо Далла тӀеверзархьама, шен зуламе некъ а бита, шайн куьйгашца кхечарна гӀело а ма е», – аьлла.


Цу тхьамданашна юкъахь хаьржина Элдад а, Майдад а цӀераш йолу ши стаг вара. Амма четарна хьалха ца вогӀуш, меттамотт болчохь сецнера и шиъ. Царна тӀе а доьссинера Деза Са. ТӀаккха и шиъ Делера болу хаам бан волавелира нахана юкъахь.


«Декъаза ю-кх хьо, Къераз-гӀала! Декъаза ю-кх хьо, Бет-Саида-гӀала! Шу долчохь хилла долу тамашийна гӀуллакхаш Цора-гӀалахь а, ЦӀадан-гӀалахь а хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, овкъарна тӀе охьахевшина хир дара.


Амма цо хьоьга ла ца догӀахь, хьайца цхьаъ я шиъ стаг валаве, хӀунда аьлча Йозанаша ма-бохху: „ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула чӀагӀдийр ду“.


«Декъаза ю хьо, Къераз-гӀала! Декъаза ю хьо, Бет-Саида-гӀала! Нагахь санна Цора-гӀалахь а, ЦӀадан-гӀалахь а шу долчохь хилла тамашийна хӀуманаш хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, овкъарна тӀе охьахевшина хир дара.


Шу оцу хӀуманийн тешаш хилла дӀахӀуьттур ду.


Ткъа шаьш юьххьехь дуьйна а Соьца хиларна, аша а тоьшалла дийр ду Сох».


Яхьъяс жоп делира: «Адамо хӀумма а шена тӀелаца йиш яц, нагахь санна иза цунна стигалшкара Дала делла дацахь.


Амма шуна тӀе Делан Са а доьссина, шуьга ницкъ беача, Сан тешаш хир ду шу Ярушалаймехь а, берриг ЯхӀуд-махкахь а, Шамранан махкахь а, дуьненан йисте кхаччалц а».


Кхин а дуккха а деношкахь Цуьнца Галилайра Ярушалайме баьхкинчарна гира Иза. Уьш хӀинца Цуьнан тешаш бу вайн халкъана хьалха.


Дала Ӏийса денвира, вай Цуьнан тешаш а ду.


Дахар Кхоллархо вийра аша! Амма Дала веллачуьра денвира Иза, цу хӀуманна тхо тешаш а ду.


Динан тобанашкахь Дала цхьаберш векалш, вуьш пайхамарш, кхозлагӀнаш динан хьехамчаш бина дӀахӀиттийна. Цул сов, цхьаболчарна тамашийна гӀуллакхаш дан ницкъ белла, вукхарна адамаш тодан похӀма делла. Иштта уллорачарна гӀо дан похӀма а, урхаллин похӀма а, тамашийна мотт бийцаран похӀма а делла Цо.


Со кхозлагӀа а вогӀу шу долчу. Делан Йозанаша боху: «ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чӀагӀдийр дац».


Цо Ша дӀахӀиттийнера цхьаберш векалш бина, шолгӀанаш пайхамарш бина, вуьш хаза кхаъ кхайкхорхой бина, кхинаш, Ӏуьно жа санна, динан тоба Ӏалашйийраш а, динан хьехамчаш а бина.


Шина я кхаа тешо динчу тоьшаллица бен и бехкеверг вен ца веза. Стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Ӏан ца веза.


Нагахь санна муьлхха а къа латорна тӀехь я зулам дарна тӀехь стаг бехкевеш велахь, цхьа теш хилар ца тоьу. ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чӀагӀдийр дац


билггала бакъволу теш волчу а, дуьххьара беллачарна юкъара денвелла волчу а, лаьттарчу паччахьийн Олахо волчу а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а. Вай дукха а дезаш, вайн къинойх Шен цӀийца вай кӀелхьара а даьхна,


Ткъа Делан цӀенна арахула йолу керт царна юкъа ма ялае, иза юста а ма юста, хӀунда аьлча и кхечу къаьмнашна дӀаелла ю. Цара шовзткъе шина баттахь и еза гӀала хьоьшур ю.


Цу шиннан карахь ду, Делера болу хаам шаьш дӀакхайкхочу деношкахь лаьтта тӀе догӀа ца даийтархьама, стигал дӀакъовлар. Иштта цу шиннан долахь ду хиш – церан олаллехь ду царах цӀий дар. Церан бакъо ю, шайна мосазза лии, муьлхха а тайпана долу ун Лаьттахь дӀасадаржо.


Ткъа и зуда яьссачу аренга дӀаедира. Цигахь, цхьа эзар ши бӀе кхузткъа дийнахь цу зудчун дола дайтархьама, Дала цунна меттиг кечйинера.


Кура а, Ӏеса а къамелаш ден бага елира цу экханна. Шовзткъе шина баттахь иштта Ӏан бакъо елира цунна.


Со цуьнан когашка вуьйжира, цунна хьалха Ӏибадат дан дагахь, амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь! Со а ду Далла гӀуллакх деш дерг, хьо а, Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш болу хьан вежарий а санна. Далла бен ма де Ӏибадат! ХӀунда аьлча Делера болчу хаамийн дух Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла ду».


Цул тӀаьхьа суна гира паччахьан гӀанташ. Царна тӀе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дӀасадаржорна а, Ӏийсах тоьшалла дарна а тӀера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Ӏибадат ца динера цара. Цу экханан мухӀар а тӀе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тӀе а, я куьйгаш тӀе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios