Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 11:18 - Делан Йозанаш

18 Къаьмнаш дарделла дӀахӀиттира, амма хӀинца Хьан оьгӀазло а тӀееана, Ахь беллачарна тӀехь кхел ен хан а тӀекхаьчна. Ахьа Хьайн ялхой болчу пайхамаршна а, Хьан долахь болчарна а, Хьо лоруш болчарна а, лараме боцучарна а, цӀеяхана болчарна а хьакъ дерг дӀало хан а тӀееана. Латта хӀаллакдеш берш хӀаллакбо хан а тӀееана!»

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 11:18
48 Referencias Cruzadas  

Цара ерриг а акхарошна хи ло. Акха варраша шайн хьогалла дӀайоккху.


К хобуш ву Иза Цунна хьалха ларамах буьзнарш. Лоруш ву Иза нахаца Ша бина барт абаденналц.


ТӀаккха Шен дераллица уьш чӀогӀа кхерийна, Цо, оьгӀаз а вахана, цаьрга дӀахьедийр ду:


Ахь кхоьллина халкъаш, схьа а даьхкина, Хьуна хьалха̄ охьатаьӀар ду, Хьалдолу Эла, цара хастор ю Хьан цӀе.


Хьуна дӀахезначу дерригенан а жамӀ иштта ду: Делах а кхера, Цуьнан весеташ кхочуш а де, хӀунда аьлча хӀора адамна тӀедиллина декхар ду иза.


Къинош летош волчо бӀозза къа латадешшехь, иза дуккха а ваха тарло. Амма суна хаьа, Делах кхоьручунна дика хир дуйла, иза Цунна хьалха вегош лела дела.


Амма малхбалехьара а, къилбаседехьара а схьахезачу хабарша цуьнан синтем бойур бу. ТӀаккха шен нуьцкъалчу дераллица дуккха а адамаш дайа а, хӀаллакдан а аравер ву иза.


Цул тӀаьхьа охьаховшур бу кхел йийраш шайн болх дӀаболо. Олалла цуьнгара дӀадоккхур ду иза гуттаренна а хӀаллаквархьама а, вохорхьама а.


И паччахь хьекъал долуш хиларна, тешнабехк барехь аьтто хуьлуш хир ву. Цуьнан даг чу куралла южур ю. ДӀахьедар а ца деш, халкъашна юкъара дукхахберш цо цӀеххьана хӀаллакбийр бу. Уггар а лакхара волчу паччахьна дуьхьал вер ву иза, ткъа иза хӀаллаквийр ву, амма иза адаман карах хир дац.


Хазахетарца даккхийделаш! ХӀунда аьлча стигалшкахь йоккха ял хир ю шуна. Иштта хьийзийна пайхамарш а, шул хьалха хилла болу».


Цуьнан къинхетам тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка Цунах кхоьручарах бу!


ХӀора адамна, цкъа вала а велла, юха кхелана хьалха хӀоттар тӀехь ма-хиллара,


ВорхӀалгӀачу малико турба локхучу хенахь Делан къайлаха йолу Ӏалашо чекхъер ю, Цо Шен ялхой болчу пайхамаршка хаам бина ма-хиллара», – аьлла.


Ткъа Делан цӀенна арахула йолу керт царна юкъа ма ялае, иза юста а ма юста, хӀунда аьлча и кхечу къаьмнашна дӀаелла ю. Цара шовзткъе шина баттахь и еза гӀала хьоьшур ю.


Адамна йийсар динарг ша а вуьгур ву йийсаре. Туьраца стаг вийнарг ша а лийр ву туьрах. Цу тӀехь оьшу Делан долахь болчарна доьналла а, тешар а.


ШолгӀачу экхано массо а адамийн – лараме воцчун а, цӀеяханчун а, хьалдолчун а, мискачун а, паргӀат волчун а, лай волчун а – аьтту куьйга тӀе я хьаьжа тӀе мухӀар таӀор тӀедиллира.


Делан оьгӀазлонан кеда чу, э а ца деш, доьттина долу Делан дераллин чагӀар мер ду цо. Иштта волу стаг Делан маликашна а, Ӏахарна а хьалха цӀергахь а, саьмгал чохь а хьийзор ву.


ТӀаккха стигалахь кхин а цхьа тамашийна билгало гира суна. Иза йоккха а, инзаре а яра. Шайгахь тӀаьххьара бисина ворхӀ бала болу ворхӀ малик а дара цигахь. Уьш тӀаьххьара баланаш бара, хӀунда аьлча цаьрца чекхйолура Делан дералла.


Цул тӀаьхьа деа дийнатах цхьаммо оцу маликийн кара ворхӀ дашо бога делира. Ерриг а тӀейогӀучу заманна а вехаш волчу Делан дераллех дуьзна дара и боганаш.


Цо кхечарна динчу гӀуллакхашка хьажжий, дӀадекхалаш цунна! Цо шайна динчунна дуьхьал шозза а дӀадекхалаш цунна. Цо шайна чагӀар кечдинчу кедахь цул шозза дукха чагӀар кечде аша цунна.


Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тӀехь толам баккхархьама. Аьчка гӀожаца Цо олалла дийр ду царна тӀехь. Массо а ницкъийн Делан оьгӀазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю.


Аша дӀадаа паччахьийн а, тӀеман коьртачу хьаькамийн а, тӀемалойн а дилха а, иштта дойн а, церан дошлойн а, паргӀат болчу массеран а, леш болчеран а, лараме боцучеран а, цӀеяхначийн а дилха а».


ТӀаккха оцу Ӏаршара схьадолу кхин а аз хезира. Цо бохура: «Хастамаш бе вайн Далла массо а Цуьнан ялхой болчара а, Цунах кхоьруш болчу лараме боцучара а, цӀеяханчара а».


ТӀаккха суна гира лараме боцу а, цӀеяхана хилла болу а белларш. Уьш Ӏаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТӀаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира – иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тӀе дӀаяздина долчу адамийн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна.


Дахаран тептар тӀе дӀаязвина мел воцург цӀе яьлла богучу Ӏам чу тесира.


Ӏийсас боху: «Со кестта вогӀур ву. Сан ял а Соьца ю, хӀоранна а, ша динчу гӀуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дӀадалархьама.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios