Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 11:16 - Делан Йозанаш

16 Далла хьалха долчу паччахьан гӀанташна тӀе хиъна Ӏаш волчу ткъе веа къаночо, шайн кортош лаьтта кхаччалц охьа а таӀийна, Далла Ӏибадат дора.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 11:16
7 Referencias Cruzadas  

Ӏийсас цаьрга элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: керла дуьне дӀа а хӀоттийна, Адамийн КӀант Шен сийлахьчу паччахьан гӀанта тӀе охьахуун волчу хенахь, Суна тӀаьхьахӀиттина шу а цигахь хир ду. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу шийтта паччахьийн гӀанташна тӀе охьаховшур ду.


ТӀаккха ткъе виъ къано а, диъ дийнат а Ӏаршана тӀехиъна Ӏаш волчу Далла хьалха суждане дахара. Цара бохура: «Амин! Хастам бу Далла!»


и ткъе виъ къано Ӏаршана тӀехь хиъна Волчунна хьалха охьа а вужий, ерриг а тӀейогӀучу заманна вехаш Волчунна суждане воьду. Цара, шайн таьжнаш Ӏаршана хьалха охьа а дохкуш, олу:


Ӏаршана гобаьккхина кхин а ткъе диъ паччахьан гӀант дара. Царна тӀе хиъна ткъе виъ къано вара. Къаношна тӀехь кӀайн духар дара. Церан кортош тӀе диллина дашо таьжнаш дара.


Ткъа цу деъа а дийнато олура: «Амин». Къаной, охьа а эгна, суждане бахара.


Паччахьан гӀантана гонах а, къаношна гонах а, деа дийнатна гонах а массо а маликаш дара лаьтташ. Цу Ӏаршана хьалха бертал а эгна, Далла Ӏибадат дора цара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios