Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 11:11 - Делан Йозанаш

11 Ткъа кхо дей, ах дей дӀадаьлча, цу шинна чу Делера йолу дахаран Ӏаь юьйлира. ТӀаккха и шиъ шайн когаш тӀе хьалахӀоьттира. Ткъа цаьрга хьоьжуш берш чӀогӀа кхерабелира.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 11:11
11 Referencias Cruzadas  

ТӀаккха лаьттан поппарх адам кхоьллира Везачу Дала, цунна чу са а дуьллуш, ткъа и адам денделира.


Ярушалайм-гӀалано дуьненан массо а къаьмнашна хьалха Суна гӀарадаккхар а, хазахетар а, хастам а, сий а доккхур ду, Айса цунна мел дина дика царна хезча. Ларамах а буьзна, уьш бегош хир бу, Аса цунна ден долу дика а, аьтто а шайна дӀагича“».


Цул тӀаьхьа исраилхой юха а боьрзур бу, шайн Веза Дела а, Даудан тӀаьхьенах волу шайн паччахь а лохур ву цара. ТӀаьхьарчу деношкахь Везачу Элана хьалха ларамах а, Цуьнан диканах а буьзна хир бу уьш.


Ӏийсах тешначийн ерриг тоба а, и хилларг хезнарш а кхерамо бахьийнера.


И дешнаш хезча, Хьанас, охьа а воьжна, велира. ЧӀогӀа кхерам тесира и хезначийн массеран а кийра.


Ӏийса веллачуьра денвина Волчун Са шуна чохь дехаш долу дела, Ӏийса веллачуьра Денвинчо шун лийр долчу догӀмашна а дахар лур ду шуна чохь дехаш долчу Синехула.


Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца долу дахар тӀедалочу Делан Синан Ӏедало къиношна а, Ӏожаллина а тӀевалочу Ӏедалех хьо паргӀатваьккхина дела.


Цо элира цу шинга: «Суна хаьа Везачу Эло хӀара мохк шуна дӀабеллийла. Тхуна тӀе кхерам боьссина, тхан дегнаш, шух кхоьруш, дегош ду.


Цу сохьта чӀогӀа мохк бегийра. ГӀалин уьтталгӀа дакъа доьхна дӀадахара. Мохк бегочу хенахь ворхӀ эзар адам делира. Ткъа бисинчара, чӀогӀа кхера а белла, стигаларчу Далла хастамаш бира.


ТӀаккха кхаа дийнаххьий, эха дийнаххьий массо а халкъашна а, тайпанашна а, меттанашна а, къаьмнашна а юкъара дукхах долчу адамашна и декъий гур ду. И ши дакъа къубба чу дуьллуьйтур дац.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios