Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 11:10 - Делан Йозанаш

10 Лаьттахь дехаш долу адамаш, цу хиллачух даккхий а деш, самукъадаьлла хир ду. Наха вовшашка совгӀаташ а кхийдор ду, оцу шина пайхамаро лаьттахь дехаш долу адамаш дукха хьийзина хилла дела.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 11:10
29 Referencias Cruzadas  

Ахьаба, шена Эли-ЯхӀу гича, цуьнга хаьттира: «Хьо вуй и – Исраилан халкъе бала хьоьгуьйтург?»


Ахьаба Эли-ЯхӀуга элира: «Сан мостагӀа, карий-кха хьуна со!» Эли-ЯхӀус элира: «Карий! ХӀунда аьлча ахьа Далла хьалха Цуьнан лаамехь доцу хӀума деш ду.


Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Аса элирий хьоьга, цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен!»


Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Кхин а цхьа пайхамар ву, шегахула Везачу Эле хаттар дан мегар долуш. Амма суна иза ца веза, хӀунда аьлча цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен. Иза Йимлаан кӀант Мика-ЯхӀу ву». «Паччахь, ма алахьа иштта», – элира ЯхӀушаптис.


Кхетаме богӀур болуш а бац те харцонаш лелош мел берш, шаьш бепиг дууш санна, сан халкъ дӀакхоллурш, ткъа Везачу Эле ца кхойкхурш?


Хьайн мостагӀчунна вон тӀедеача, сакъераделла ма хьовзалахь, иза, таса а велла, охьавожахь, самукъадаьлла а ма лелалахь.


ТӀаккха баьччанаша паччахье элира: «Ярми-ЯхӀу вен везаш ву, хӀунда аьлча цо дуьйцучо кху гӀалахь бисинчу тӀемалойн а, иштта гӀалин бахархойн а майралла дӀайоккху. Цо вайна лоьрург дика дац, вон ду».


«Шу, сакъералуш, ирсе лелаш дара, Сан латта дӀалацарна. КӀа оруш долу дуьхьарг санна, сакъералуш а, кхиссалуш а дара шу, тӀемалойн говраш санна, терсаш дара шу.


Шу хьогӀаца хьежа ца дезара шайн вежарийн дийне, церан аьтто боьхначу дийне. Шу даккхийден ца дезара яхӀудхой хӀаллакьхуьлучу дийнахь, аша дозаллаш дан ца дезара церан бохаман дийнахь.


Со бахьана долуш воккха ма ве, сан мостагӀа! Со охьавоьжнехь а, хьалагӀоттур ву. Со боданехь велахь а, Веза Эла суна серло ю.


Сан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву.


Баккъалла боху Ас шуьга: Шу узарш деш а, доьлхуш а хир ду, ткъа дуьненна хазахетар ду. Шу халахетта хир ду, амма шун халахетар хазахетаре доьрзур ду.


Кху дуьненна шу ца деза бахьана дац. Ткъа Со ца веза адамашна, Ас церан гӀуллакхаш зуламе ду аьлла, тоьшалла до дела.


И дуьйцург а хезна, динан коьрта да а, чохь берш а чӀогӀа оьгӀазбахара. Векалш байа лууш бара уьш.


Безам харцдолчух боккха ца боь, ткъа цунна бакъдерг хазахета.


Ша лаьтта охьатеснийла а гина, и саьрмик кӀант винчу зудчунна тӀаьхьабелира.


ШолгӀачу экхано вукху экханна хьалха Ӏаламаташ лело бакъо елира. Уьш лелорца цо лаьттахь деха адамаш Ӏехадора. Лаьттахь бехаш болчу массарна а цо тӀедуьллура, туьрах Ӏожаллин чов а хилла, амма денделлачу хьалхарчу экханан дина сурт шайна тӀедиллийтар.


Бийначу Ӏахаран карахь долчу дахаран тептар тӀе шайн цӀераш дуьне кхуллуш дуьйна а дӀаяздина доцу массо а адамаш цу экханна Ӏамал еш хир ду.


ПхоьалгӀачу малико шен бога экханан олаллин гӀанта тӀе охьаӀанийра. ТӀаккха церан пачхьалкх, Ӏаьржа бода а хӀоьттина, кхоьлира. Адамаша, лазаршна са ца тохадаларна, шайн меттанаш Ӏуьйшура.


Доьналла долуш хила аьлла, Аса шайна дина омра аша лардина дела, Аса а лардийр ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш зерхьама, кху дуьнен чу массанхьа а баланаш тӀебоуьйтур болчу заманах.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios