1 Йохалла юстархьама Ӏасанах тера болу эрз белира сан кара. ТӀаккха соьга элира: «Хьала а гӀаттий, Делан цӀа а дуста, сагӀа доккху кхерч а буста, цу цӀа чуьра Далла Ӏамал ян догӀу адамаш а дагарде.
Бакъдолчух юстаран тӀийраг а, нийсонах гӀишло юстаран гирс а бийр бу Аса». Харцо дӀалечкъина меттиг къора тоьхна йохор ю, ткъа шу къайладахаран меттиг хиша дӀайохур ю.
Ткъа паччахьалла а, олалла а, ерриге а стигална кӀел йолчу пачхьалкхийн сийлалла а дӀалур ду Веза Воккхачу Делан болчу нехан къоман кара. Делан паччахьалла абаделлалц долу паччахьалла ду. Массо а олахой Цунна Ӏибадат деш а, муьтӀахь а хир бу“.
Хьацерутера дӀа а бахана, Ритма цӀе йолчу меттехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
ХӀун цхьаьнадогӀург ду те Делан цӀенна а, цӀушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цӀа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со, уьш болчохь лелар ву Со. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду».
Шу шаьш а ду дийна тӀулгаш. Шайх синан цӀа дайта, цу чохь динан дай хилархьама, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла лууш долу синан сагӀанаш даха.
Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама.
Соьга элира: «Ахьа юха а Делера болу хаам бан безар бу дуккха а долчу халкъех а, къаьмнех а, меттанех а, паччахьех а лаьцна».
Цу гӀалин а, цуьнан кевнийн а, пенийн а йохалла а, шоралла а, лакхалла а юста лерина дашо гӀаж яра соьца къамел деш волчуьнгахь.