Айса ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а дӀалур ду аьлла, куьг а айина чӀагӀо йинчу лаьтта тӀе шу дӀадуьгур ду Ас, иза шуна тӀаьхьалонна дӀа а лур ду. Со Веза Эла ву“».
ДӀаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло шуьга боху: ‘Айса Исраилан халкъ хаьржинчу дийнахь, Якъубан тӀаьхьенах болчарна тӀе айдинчу куьйгаца Аса чӀагӀо а йора, царна Со дӀа а вовзуьйтура Аса Мисар-махкахь. Сайн куьг хьала а айина, Аса элира: ‹Со шун Веза Дела ву›.
«Хьакъ долуш ву Хьо, тхан Веза Эла волу Дела, сийлалла а, ларам а, ницкъ а дӀаэца. ХӀунда аьлча Ахь кхоьллина ду дерриг а. И дерриг а Хьан лаамца долуш а ду, кхоьллина а ду».