Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 10:4 - Делан Йозанаш

4 Цу ворхӀе а озо къамел дича, со дӀаяздан волавелира, амма цу хенахь суна стигалара аз хезира. Цо соьга бохура: «Оцу ворхӀе а ткъесо дийцинарг къайла а даккха, иза дӀа а ма язде».

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 10:4
13 Referencias Cruzadas  

Делера болу муьлхха а хаам шуна мухӀар тоьхна тептар санна хир бу. Оцу тайпанара тептар деша хуучуьнга дӀа а лой, олу: «Деша иза», амма цо жоп ло: «Ца дешало соьга, хӀунда аьлча и тептар мухӀар тоьхна ду».


Везачу Эло соьга элира: «Поппаран йоккха экъа схьа а эций, йозанан гӀирсаца къаьсташ дӀаязде цу тӀехь: „МахӀир-Шалал-Хьаш-Баз“».


ХӀара тоьшаллин тептар, дӀа а хьарчадай, дӀадехка. ХӀара хьехаман тептар мухӀарца дӀа а къовла. Сан мурдаша иза лардойла.


Ткъа ахьа, Даниала, хӀара дешнаш къайладаха, чаккхенан зама тӀеяллалц кху тептарна мухӀар а тохий. Дукхахболчара иза доьшур ду, тӀаккха хаарш алсамдевр ду».


«ДӀавало, Даниал. Чаккхенан зама яллалц, мухӀар а тоьхна, дӀакъевлина ду и дешнаш, – элира цо. –


Суьйренех а, Ӏуьйренех а лаьцна хьуна гинарг – иза билггал бакъ ду, ткъа ахьа и хьайна гина сурт къайладаккхий дита, иза кестта хиндолчух лаьцна доцу дела».


Къайлаха дерг вайн Везачу Делан ду, ткъа дӀаделладелларг – иза абаденналц вайна а, вайн берашна а ду, вайга кху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш кхочушдайта».


Цо бохура: «Хьайна гушдерг тептар тӀе дӀа а яздай, динан ворхӀе а тобанийн гуламашка дӀадахьийта. И тобанаш ю хӀокху гӀаланашкахь: Эпасехь, Симранехь, Паргамехь, Тхьайтирехь, Сардисехь, Палидалпехь, Лаудикехь».


Иштта, дӀаязде хьайна гиначух а, долуш долчух а, хиндолчух а лаьцна.


Стигалара суна хезначу цу озо, юха а соьца къамел а деш, элира: «Ваха а гӀой, и делладелла долу хьарчийна тептар хӀорда тӀехь а, лаьтта тӀехь а лаьтташ долчу маликан карара схьаэца».


Малико кхин а элира соьга: «Кху тептар тӀехь язбина болу Делера хаам къайла ма баккхалахь, хӀунда аьлча и дерриг а хир долу хан тӀекхочуш ю.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios