Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 10:3 - Делан Йозанаш

3 Цо, лоьмо санна, чӀогӀа мохь туьйхира. Цо кхайкхинчул тӀаьхьа, ворхӀе а ткъес туьйхира, церан гӀовгӀанаша къамел а деш.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 10:3
16 Referencias Cruzadas  

Сан Веза Дела! Ас гӀо дийхира Хьоьга, Ахь суна дарба дира.


Паччахьан дарвалар лоьмо гӀигӀ дар санна хуьлу, ткъа цуьнан резахилар – бацана тӀе диллина тхи санна ду.


Везачу Эло иштта элира соьга: «Ижуна тӀехь гӀигӀ деш лаьтта къона лом санна ву Со. Масийтта Ӏу цунна дуьхьал валархьама кхайкхича а, и лом церан маьхьарех ца къехка, церан гӀовгӀанех кхера а ца ло. Иштта массо а ницкъийн Веза Эла волу Со а хир ву, Цийон-лома а, цуьнан гунна а дуьхьал тӀом бархьама Со охьавоьссича.


Веза Эла аравер ву, майра стаг санна. ТӀемалочо санна, тӀом баран лаам карзахбоккхур бу Цо. Цо кхайкхам а бийр бу, тӀеман цӀогӀа а тухур ду. Шен ницкъ гойтур бу Цо мостагӀашна тӀехь.


Цо яьккхина гӀовгӀа лоьман санна ю, цо до гӀигӀ къоначу лоьмийн Ӏахарх тера ду. МостагӀчо, гӀигӀ а деш, бовда гӀерта нах схьалоьцу, цхьаммо а уьш цуьнгара схьабохур бац.


Ярми-ЯхӀу, цаьрга дӀаала: „Везачу Эло, лоьмо санна, стигалара схьа гӀигӀ дийр ду. Цо Шен дезачу цӀа чуьра нуьцкъалчу озаца къамел дийр ду. ЧӀогӀачу озаца Цо гӀигӀ дийр ду Шен махкана дуьхьал. Кемсех мутта а доккхуш, кемсаш а хьоьшуш, чагӀар деш болчарна санна мохь беттар бу Цо дуьнен тӀехь бехаш болчу массо а нахе.


Каруб-маликаша лестош долчу тӀемийн гӀовгӀа арахьарчу кертахь а хезаш яра, Нуьцкъала Дела вистхуьлуш ма-хаззара.


Уьш Везачу Элана тӀаьхьахӀуьттур бу. Цо Шен аз, лоьмо санна, хозуьйтур ду. ТӀаккха, сих а луш, богӀур бу Цунна тӀе малхбузера кӀентий.


Къевкъар ву Веза Эла Цийон-ломара, Ярушалаймера а Шен аз схьахозуьйтур ду Цо. Стигал а, латта а дегор ду. Амма Шен халкъана чӀагӀо хилла дӀахӀуттур ву Веза Эла, Исраилан халкъана гӀап санна хир ву Иза.


Ӏамоса иштта элира: «Веза Эла Цийон-ломара къевкъар ву, Ярушалаймера а схьахозуьйтур ду Цо Шен аз. ТӀаккха дежийлаш а якъалур ю, Кармал-ломан бохь а бакъалур бу».


Мила вуьсу, лоьмо гӀигӀ дича, кхера ца луш? Хьалдолчу Эло аьлча, мила вуьсур ву Цуьнгара хаамаш ца беш?


Суна стигалара аз хезира. Цуьнан гӀовгӀа чухчарин гӀовгӀанах а, чӀогӀа къекъачу стигалан гӀовгӀанах а тера яра. Шайн дечиг-пондаршна тӀехь эшарш лоькхучу пондарчийн аз а хезира суна.


ТӀаккха стигалахь кхин а цхьа тамашийна билгало гира суна. Иза йоккха а, инзаре а яра. Шайгахь тӀаьххьара бисина ворхӀ бала болу ворхӀ малик а дара цигахь. Уьш тӀаьххьара баланаш бара, хӀунда аьлча цаьрца чекхйолура Делан дералла.


Цул тӀаьхьа деа дийнатах цхьаммо оцу маликийн кара ворхӀ дашо бога делира. Ерриг а тӀейогӀучу заманна а вехаш волчу Делан дераллех дуьзна дара и боганаш.


Цу Ӏаршах схьадетташ стелахаьштиг а дара, схьахезаш аьзнаш а дара, серладуьйлуш детташ ткъес а дара. ГӀантана хьалха богуш ворхӀ къуьда бара. Уьш Делан ворхӀ Са ду.


Малико и яй, схьа а эцна, дашочу кхерчана тӀера йогуш йолчу цӀеран кӀегийх буьзира. ТӀаккха цо уьш лаьтта охьатийсира. Царах гӀовгӀа а елира, ткъес а туьйхира, стелахаьштигаш а серладийлира, мохк а бегийра.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios