2 Ткъа цуьнан карахь дӀаделладелла долу хьарчийна жима тептар дара. Цу малико шен аьтту ког хӀорда тӀе биллира, аьрру ког лаьтта тӀе биллира.
Деха соьга, тӀаккха Ас лур ду хьуна тӀаьхьалонна халкъаш а, хьан долахь хилийта дерриг а латта а, цуьнан йистошка кхаччалц.
Схьа а дуьйлий, хьовсийша, Дала дечу гӀуллакхашка. Адамийн дуьхьа Цо дийриг мел ларамах дузуьйтуш ду.
Малхбузехь Везачу Элан цӀарах нах кхералур бу, ткъа малхбалехь – Цуьнан сийлаллех. Сиха догӀу хи санна, схьавогӀур ву Иза, Везачу Элан хӀоно дӀаэккхош волу.
Ӏийсас, тӀе а веана, цаьрга элира: «Стигалшкахь а, кху дуьнен чохь а мел йолу бакъо Сан кара схьаелла.
Суна хӀордана тӀехь а, лаьтта тӀехь а лаьтташ гина долчу малико, шен аьтту куьг стигала хьала а кховдийна,
ТӀаккха суна гира Ӏахаро ворхӀ мухӀарх цхьаъ дӀадоккхуш. Юха суна хезира цу деа дийнатах цхьаммо стигала къекъаш санна долчу озаца олуш: «Схьавола!»
Ӏахаро шолгӀа мухӀар дӀадаьккхича, суна хезира шолгӀачу дийнато олуш: «Схьавола!»