10 Маликан карара тептар схьа а эцна, аса и диира. Моз санна, мерза дара иза сан багахь. Ткъа аса и тептар диъча, сан кийра къахьбелира.
Иза вистхуьллушехь, цӀоз даьржира, барам боцуш дукха уьш хилира.
Веза Эла! Паччахье толам баккхийтахьа, тхо дӀа а хазахьа, Хьайга орца дохучу хенахь.
Тамехь долу къамел алхашна чуьра моз санна ду, иза стеган дагна мерза ду, ткъа цуьнан даьӀахкашна дарбане а ду.
Цо и тептар суна хьалха схьадаьстира: оцу тептаран шинна а агӀонна тӀехь тийжарийн а, белхарийн а, узарийн а дешнаш дара яздина.
Делан Сино со, хьала а айина, дӀаваьхьира. Догдоьхна, са карзахдаьлла вара со. Везачу Элан куьг дара суна тӀехь чӀоггӀа лаьтташ.
ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Хьайн кийра Ас хьайга дӀалучу хӀокху тептарх буза, иза дӀа а кхаллий». И тептар аса дӀакхаьллира, тӀаккха сан бага, моз кхаьллича санна, марзъелла дӀахӀоьттира.
Соьга элира: «Ахьа юха а Делера болу хаам бан безар бу дуккха а долчу халкъех а, къаьмнех а, меттанех а, паччахьех а лаьцна».
Аса, оцу маликана тӀе а вахана, цуьнга дийхира: «Лохьа соьга и тептар», – аьлла. Малико соьга элира: «ДӀа а эций, и тептар даа. Хьан кийрахь иза къаьхьа хир ду, амма хьан багахь, моз санна, мерза хир ду и».