Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 10:1 - Делан Йозанаш

1 ТӀаккха суна кхин а цхьа нуьцкъала малик гира, стигалара охьадуссуш долу. Иза шена тӀе марха юьйхина долуш санна дара, цуьнан коьрта тӀехула стелаӀад а дара. Юьхь, малх санна, яра. Когаш, цӀерах богу бӀогӀамаш санна, бара.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 10:1
28 Referencias Cruzadas  

Дозалла де Цуьнан езачу цӀарах! Веза Эла лоьхучийн дегнаш самукъадолуш хуьлийла!


Везачу Эло Шен кӀелхьардаккхар довзийтина, Шен нийсо а Цо халкъашна хьалха гайтина.


АхӀарона исраилхошка къамел дечу хенахь, массо а, юха а вирзина, яьссачу арене хьаьвсира. ЦӀеххьана царна мархина юккъехь Везачу Элан олаллин нур гира.


Цуьнан настарш шагатӀулган бӀогӀамаш ду, дашо когаш тӀе хӀиттийна долу. Ливанунах тера ду цуьнан хатӀ, баганан дитташ санна, куц а долуш.


ХӀара бу Мисарх лаьцна болу хаам. Хьажал, чехкачу мархи тӀехь Мисара хохку Везачу Эло. Цунна хьалха мисархойн цӀуш, кхерабелла, бегабо, мисархойн майралла а, ешна, дӀайолу.


«Суна иза Нохьин деношкахь санна ду. Цу хенахь Ас чӀагӀо йира, кхин цкъа а лаьтта тӀе Нохьин хиш дер дац аьлла. ХӀинца Ас чӀагӀо йо кхин хьуна оьгӀаз ца ваха а, бехкаш ца даха а.


П ардо санна йолчу цу мархина юкъахь дӀахьулвелира Хьо, тхан доӀанаш Хьайна тӀе ца кхачийтархьама.


ДогӀа догӀучу хенахь мархашна юккъера схьакхетта стелаӀад санна, серло яра цунна гонах йогуш.


Цуьнан дегӀ, жовхӀар санна, къегаш дара. Цуьнан юьхь, стелахаьштиг санна, къегара. БӀаьргаш бара цуьнан богуш болу къуьданаш санна. Цуьнан куьйгаш а, когаш а къегачу цӀестан суьртехь дара. Цуьнан къамел адамийн тобанан аз санна дара.


Буьйсанна сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь стигаларчу мархашца вогӀу адамийн кӀантах тера цхьаъ гира суна. ТӀекхаьчна ваьлча, иза Хенара Къаночунна тӀевигира.


Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн вешига АхӀароне дӀаала, шена дага мел деанчу хенахь Делан четаран кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу меттиге ма гӀо. Цигахь лаьттачу бартбаран тӀорказан негӀарна хьалха иза веача, АхӀарон вала мега, хӀунда аьлча къинош дӀадахаран негӀарна тӀехула йолчу мархина юккъехь Со гучуволу.


Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. Ӏийсан юьхь, малх санна, къегаш яра, Цуьнан бедарш бӀаьрган нур дойуш кӀайн яра.


ТӀаккха гур ву царна Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а „мархи тӀехула вогӀу Адамийн КӀант“.


Делкъахан хуьлучу хенахь, ва паччахь, тхо новкъа схьадогӀуш, стигалара цӀеххьана малхачул а чӀогӀа серло кхийтира. И серло тхуна гонах хӀоьттира.


Хьажал, Иза мархашца охьавуссур ву, тӀаккха массарна гур а ву Иза, ур-атталла Цунах гоьмукъ чекхбаьккхинчарна а тӀехь. Лаьттарчу дерриге а тукхамаша белхар дийр ду Цунах. Иза иштта билггал хир а ма ду! Амин!


Цул тӀаьхьа суна гира стигалара охьадогӀу кхин а цхьа малик. Цуьнан долахь доккха олалла дара. Оцу маликан нуьро латта къагийра.


Цхьана нуьцкъалчу малико, хьеран боккхачу тӀулгах тера болу тӀулг схьа а эцна, хӀорда чу кхоьссира. Цо элира: «Ишттачу ницкъаца хӀаллакйийр ю сел йоккха йолу Бавел-гӀала, иза кхин юха хир а йоцуш!


Стигалшкара охьадуссу малик гира суна. Цуьнан карахь бух боцучу Ӏинан догӀа а дара, стомма зӀе а яра.


Цу охьахиъна Волчун юьхьсибат, «яспис», «сардис» цӀе йолу деза тӀулгаш санна, можачу а, цӀечу а басахь лепара. Цуьнан гӀантана гонах, «изумруд» цӀе йолу тӀулг санна, лепаш стелаӀад дара.


Ницкъболу малик а гира суна. Цо, чӀогӀачу озаца кхайкхам беш, хоьттура: «Мила ву, хӀокху тептар тӀера мухӀарш дӀа а даьхна, иза дӀаделла хьакъ верг?»


Со дӀахьаьжча, стигална юккъехула тӀемаяьлла йоьдуш йолчу цхьана аьрзун айдина аз хезира суна. Цо бохура: «Декъаза хир ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш, дисинчу кхаа малико локхун йолчу турбанийн аьзнаш шайна хезча!»


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios