Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 1:8 - Делан Йозанаш

8 «Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккху Верг а, – боху Везачу Дала. – Со ву волуш волу а, хилла волу а, вогӀун волу а Нуьцкъалниг».

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 1:8
29 Referencias Cruzadas  

Ибраман дезткъе ткъайоьсна шо дара, Везачу Эло, хьалха а хӀоьттина, цуьнга аьлча: «Со Нуьцкъала Дела ву, Суна Ӏамал а е, хьанал ваха,


Аса нуьцкъалчу Деле доьху, Цо хьо декъал а вина, хьан дуккха а бераш хилийта бохуш. Ас доьху, хьо дуккха а халкъийн да хилийта бохуш.


Дала элира: «Со Нуьцкъала Дела ву. Алссам доьзалхой а хуьлуш, деба. Халкъ а, халкъийн доьзал а, паччахьаш а схьабевр бу хьох.


Нуьцкъалчу Дала гӀо дойла шуна, мехкан куьйгалхочунна хьалха шу хӀиттича, шун вукху вешина а, Бен-Яманна а шуьца цӀа ван пурба лойла Цо. Нагахь санна берех вала суна доьгӀнехь, царах волийла со».


Якъуба элира Юсупе: «КанаӀан-махкарчу Луз олучу меттехь Ша гайтинчу Нуьцкъалчу Дала декъалвира со.


хьуна гӀо деш волчу хьан ден Дала, хьо декъалвеш волчу Нуьцкъалчо. Лакхарчу Шен стигалшца а, лахарчу латтанашца а, кӀайн кхача лучу накхошца а, ховхачу кийранашца а декъалвойла хьо Нуьцкъалчу Дала.


Дала Мусага элира: «Со „Со Верг“ ву. Иштта дӀаала исраилхошка: „Ша Волуш Волчо ваийтина со шуна тӀе“».


ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а Со дуьхьалвеана „Нуьцкъала Дела“ цӀе а йолуш, ткъа „Веза Эла“ бохучу цӀарца Ас царна Со вовзийтина вац.


Хьан кхочушдина иза, хьан чекхдаьккхина иза? Хинйолу тӀаьхьенаш юьхьанцара дуьйна схьа хьан кхайкхина? Со, Веза Эла, хьалхарниг ву, тӀаьххьарчаьрца а Со изза хир ву.


Шу, исраилхой, Сан тешаш ду, – боху Везачу Эло. – Ас хаьржина Сан ялхо а ду хьо, Исраилан халкъ, шуна Со вовзийтархьама а, шу Сайх тешийтархьама а, Дела Со хиларх шу кхетийтархьама а. Сол хьалха цхьа а дела ца хилла, Сол тӀаьхьа а хир вац.


Иштта боху Везачу Эло, Исраилан халкъан Паччахьо а, и халкъ ПаргӀатдоккхучо а, массо а ницкъийн Везачу Эло: «Со Дуьххьарлерниг а, ТӀаьххьарлераниг а ву, Со воцург, кхин Дела вац.


Везачу Эло боху: «ЛадогӀа Соьга, Якъубан тӀаьхье, Исраилан халкъ, Ас тӀекхайкхина долу! Со – волуш волу Дела ву, Со Дуьххьарлерниг а, ТӀаьххьарлераниг а ву!


ХӀунда аьлча вайна бер дина – кӀант велла вайна. Олалла хир ду Цуьнан белшаш тӀехь. Цунна цӀе туьллур ю: Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела, Гуттар а волу Да, Машаран Эла.


Делан дешнаш хезаш волчун хаам бу хӀара. Нуьцкъалчу Дала сайна хьалха хӀоттийна сурт, лаьтта а вужий, дӀабиллинчу бӀаьргашца го суна.


«Со шун Да хир ву, ткъа шу Сан кӀентий а, йоӀарий а хир ду, – боху массо а ницкъийн Везачу Дала».


Цо бохура: «Хьайна гушдерг тептар тӀе дӀа а яздай, динан ворхӀе а тобанийн гуламашка дӀадахьийта. И тобанаш ю хӀокху гӀаланашкахь: Эпасехь, Симранехь, Паргамехь, Тхьайтирехь, Сардисехь, Палидалпехь, Лаудикехь».


Сайна и гича, велча санна, Цуьнан когашка вуьйжира со. Ткъа Цо, суна тӀе аьтту куьг а диллина, соьга элира: «Ма кхера. Со ву Хьалхарниг а, ТӀаьххьарниг а.


Векал волчу Яхьъяс Асиа-махкарчу динан ворхӀ тобане яздо: Делан дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна даим волуш волчу а, хилла волчу а, вогӀун волчу Делера а, иштта Цуьнан Ӏаршана хьалха лаьтташ долчу ворхӀ синера а,


Цара бохура: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, Хьуна бу хастам, волуш волу а, хилла волу а Веза Эла, Ахьа, Хьайн доккха олалла тӀе а лаьцна, паччахьалла дан доладарна.


Цара Далла гӀуллакх деш хиллачу Муса-пайхамаран а, Ӏахаран а илли олура: «Даккхий а, инзаре а ду Хьан гӀуллакхаш, массо а ницкъийн Веза Дела! Нийса а, билггал бакъ а ду Хьан некъаш, дуьненан къаьмнийн Паччахь!


Уьш жинийн синош дара. Цара тамашийна хӀуманаш дора. И жинаш дерриг а дуьнен чуьра паччахьашна тӀе дахара, массо а ницкъийн Делан сийлахьчу дийнахь уьш тӀаме схьагулбархьама.


СагӀа доккхучу кхерчана уллора а аз хезира суна. Цо бохура: «ХӀаъ, массо а ницкъийн Веза Дела, билггал бакъ а, нийса а ю Хьан кхелаш».


Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тӀехь толам баккхархьама. Аьчка гӀожаца Цо олалла дийр ду царна тӀехь. Массо а ницкъийн Делан оьгӀазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю.


Суна хезира йоккхачу тобанна чуьра долуш санна долу аз а. Чухчарин гӀовгӀанах я чӀогӀачу стигалан къекъарх тера дара и аз. Цо бохура: «Хастам бу Далла! ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Веза Дела паччахьалла дан волавелла.


Симран-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: «Иштта боху, хьалха вала а велла, ткъа хӀинца дийна волчу хьалхара а, тӀаьххьара а Волчо:


Цу гӀалахь Делан цӀа ца гира суна, хӀунда аьлча Далла Ӏибадат дечу цӀийнан метта массо а ницкъийн Веза Дела а, Ӏахар а Шаьш бу цу гӀалахь.


Кхин а Цо соьга элира: «Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а. Хьогах волчунна Ас бакъо лур ю дахаран хи долчу шовдан чуьра маьхза хи мала.


Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а, Дуьххьарлераниг а, ТӀаьххьарлераниг а».


Цу деъа а дийнатан хӀораннан а гонах ялх-ялх тӀам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бӀаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура: «Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла, хилла волу а, волуш волу а, вогӀун волу а массо ницкъийн Веза Дела», – бохуш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios