Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 1:7 - Делан Йозанаш

7 Хьажал, Иза мархашца охьавуссур ву, тӀаккха массарна гур а ву Иза, ур-атталла Цунах гоьмукъ чекхбаьккхинчарна а тӀехь. Лаьттарчу дерриге а тукхамаша белхар дийр ду Цунах. Иза иштта билггал хир а ма ду! Амин!

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 1:7
36 Referencias Cruzadas  

Цо Деле доӀа дийр ду, ткъа Дела цунна тамехь хир ву. Деле Ӏибадат а деш, цо воккхаверца мохь хьокхур бу. Дала цуьнан нийса хьал юхаметтахӀоттор ду.


Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Шушаним» олучу мукъамехь ала езаш йолу Даудан назма ю хӀара.


Везачу Эло Шен кӀелхьардаккхар довзийтина, Шен нийсо а Цо халкъашна хьалха гайтина.


ХӀара бу Мисарх лаьцна болу хаам. Хьажал, чехкачу мархи тӀехь Мисара хохку Везачу Эло. Цунна хьалха мисархойн цӀуш, кхерабелла, бегабо, мисархойн майралла а, ешна, дӀайолу.


Буьйсанна сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь стигаларчу мархашца вогӀу адамийн кӀантах тера цхьаъ гира суна. ТӀекхаьчна ваьлча, иза Хенара Къаночунна тӀевигира.


Веза Эла атта оьгӀаз а ца воьду, Иза Шен ницкъаца сийлахь ву. Цо бехк таӀзар ца деш а ца буьту. Йилбазмохехь а, дарцехь а ду Везачу Элан волавалар, мархаш – Цуьнан когаша хьалайоккху чан санна ю.


Ткъа Даудан цӀенна а, Ярушалайм-гӀалин бахархошна а къинхетаман а, гечдаран доӀанийн са шортта тӀеӀанор ду Ас. ТӀаккха хьовсур уьш шаьш гоьмукъ чекхбаьккхина волчу Соьга. Цара цунах лаьцна белхарш дийр ду, цхьаъ бен доцучу берана тӀера санна, уьш гӀайгӀане хир бу дуьххьарлерчу доьзалхочунна гӀайгӀане хиларе терра.


Цу дийнахь Ярушалайм-гӀалахь хӀуттур долу белхар, МагӀидда-арахь йолчу ХӀадад-Римун меттехь хилла белхар санна, доккха хир ду.


Суна иза го, амма иза хӀинцца дац. Со цуьнга хьоьжу, амма иза гергга вац. Цхьа Седа хьалабер бу Якъубан тӀаьхьенах. Паччахь вогӀур ву Исраилан халкъана юкъара. Цо муабахойн бӀаьштигаш а отур ю, ШатӀин ерриге тӀаьхье а хьоьшур ю.


Адамийн КӀант шен Ден сийлаллица, гонах маликаш а долуш, схьавеача, Цо стагана хьакъ дӀалур ду, хӀораммо а динчуьнга хьаьжжина.


Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна, шаьш кхалхале, Адамийн КӀант гур ву, Шен Олаллица схьавогӀуш волу!»


Цу сохьта стигалахь Адамийн КӀентан тамашийна билгало гучуер ю. Дуьнен чуьра массо а къаьмнаш гӀайгӀане хир ду. Стигаларчу мархашна тӀехула схьавогӀуш Адамийн КӀант гур ву царна, Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а гучуваьлла волу.


«Ткъа Адамийн КӀант Шен сийлаллица веача, Шеца массо а маликаш а долуш, Иза Шен стигалийн сийлаллехь охьахуур ву Шен паччахьан гӀанта тӀе.


Ӏийсас цуьнга элира: «Ахьа айхьа эли иза. Делахь а, Аса эр ду шуьга массаьрга: хӀинца дуьйна схьа Адамийн КӀант шуна гур ву Нуьцкъалчу Далла аьтту агӀор хиъна Ӏаш а, стигаларчу мархашкахула охьавуссуш а».


«ТӀаккха гур ву царна Шен боккхачу ницкъаца а, сийлаллица а мархаш тӀехула вогӀу Адамийн КӀант.


Ӏийсас элира: «Со ву. Шуна гур а ву Адамийн КӀант Нуьцкъалчу Далла аьтто агӀор хиъна Ӏаш а, стигалан мархашца охьавуссуш а».


ТӀаккха гур ву царна Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а „мархи тӀехула вогӀу Адамийн КӀант“.


Ткъа тӀемалойх цхьаммо шегара гоьмукъ туьйхира Ӏийсан агӀонах, пӀендаршна юккъе. Цу сохьта цӀий а, хи а охьадахара.


Делан Йозанийн кхечу меттехь кхин а аьлла ду: «Шаьш дегӀах гоьмукъ чекхбаьккхиначуьнга хьовсур бу уьш».


Цара дуьйцу, Делан КӀант стигалшкара схьаваре шу муха ладоьгӀуш ду. Дала веллачуьра денвина волу а, тӀейогӀу йолчу Делан оьгӀазлонах вай кӀелхьардоху волу а Ӏийса ма ву и КӀант.


Цул тӀаьхьа вай, далаза диснарш, царах дӀа а кхетта, Везачу Элана дуьхьал мархашка хьаладохур ду. ТӀаккха вай даим Везачу Элаца цхьаьна хир ду.


Ойла ел, мел чӀогӀа таӀзар дийр ду Делан КӀант емалвинчунна, Делаца бина барт чӀагӀбина а, ша вазвина а долчу цӀийн дозалла ца лериначунна, маьхза дика луш долу Делан Са сийсаздинчунна?


тешарх дӀа а къаьстина, юха а Далла тӀеберзо. Уьш дохкобовларан некъа тӀе цхьаьнгге а ба̄халур бац, хӀунда аьлча цара юха а жӀарах дӀатуху Делан КӀант, массарна а хьалха Иза сийсаз а воккхуш.


Сан хьоменаш! ХӀинца вай Делан бераш ду, амма кхул тӀаьхьа вайх муьлш хир ду цкъа хӀинца а дӀа ца делладелла вайна. Вайна хаьа, Дала леррина Къобалвинарг веанчу хенахь, вай а Цунах терра хир дуй, Иза Ша ма-варра вайна гун волу дела.


Адаман ворхӀалгӀачу тӀаьхьенах волчу ХӀаноха а Делера болу хаам бина царах: «Веза Эла ву Шен дагар ца даллал дукха долчу дезачу маликашца вогӀуш


Кху дерригенах а тоьшалла деш Волчо боху: «И бакъ ду, Со кестта вогӀур ву». Амин. Волахьа, Веза Эла волу Ӏийса!


Цигахь Делан юьхь а гур ю царна. Цуьнан цӀе а хир ю церан хьаьжнашна тӀехь.


Иштта хӀаллакьхуьлийла Хьан берриг а мостагӀий, Веза Эла! Ткъа Хьо везаш берш, шен нуьцкъаллица схьакхетта богӀуш болу малх санна, ницкъ болуш хуьлийла!» Шовзткъа шарахь лаьтта тӀехь машар лаьттира.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios