Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 1:18 - Делан Йозанаш

18 Со ву дийна Верг. Со велла вара, амма хӀинца Со ерриг а тӀейогӀучу заманна дийна ву. Сан карахь ду Ӏожаллин а, эхартан а догӀанаш.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 1:18
32 Referencias Cruzadas  

Суна хууш ду со Бехказавоккхург дийна вуйла а, Иза тӀаьххьара а лаьтта тӀехь дӀахӀуттур вуйла а.


Ӏожаллин кевнаш гайтиний хьуна? Эхартан кевнаш гиний хьуна?


Хьуна хаьа со емалвеш хилар а, сийсазвохуш хилар а, юьхьӀаьржачу хӀиттош хилар а. Сан берриг а мостагӀий Хьуна хьалха бу.


Даудан тӀаьхьенах волчу паччахьан цӀийнан догӀа цуьнан кара лур ду Ас. Цо неӀ дӀаястахь, цхьаьнгге а иза дӀакъовлалур яц. Цо неӀ дӀакъовлахь, цхьаьнгге а иза дӀаясталур яц.


Ткъа хьо, Къапарнам-гӀала, хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна? Йоккхур яц, жоьжахатин цӀерга кхуссур ю. Седамехь хьуна гина долу Ӏаламаташ хиллехьара, иза хӀара де тӀекхаччалц лаьтташ хир яра.


Аса стигалийн Олаллера догӀанаш лур ду хьоьга. Ахьа кху дуьнен чохь дихкинарг Дала дихкина хир ду. Ахьа дуьнен чохь магийтинарг, Дала магийтина хир ду».


Кхерабелла, бертал ийгира зударий. Шина стага элира цаьрга: «Дийнаниг беллачарна юкъахь хӀунда лоьху аш?


Ӏийсас элира цуьнга: «Со ву адамаш ден Дийриг а, адамашна дахар Лург а. Сох тешаш волчун, нагахь и велча а, цкъа а хедар доцу дахар хир ду.


Кестта дуьненна гур вац Со, амма шуна гур ву Со. Соьца дахар хиларна, шу а дехар ду.


Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра цкъа денвелла хилча, иза кхин цкъа а лийр вац, хӀунда аьлча Ӏожалло Цунна тӀехь кхин олалла дойла дац.


ХӀунда аьлча Иза гӀорасизниг санна жӀарах дӀатоьхнехь а, амма Делан ницкъаца дийна ву. Иштта тхо а ду, Цуьнца долуш гӀорасиза делахь а, амма шун дуьхьа тхо Делан ницкъаца дехар ду Цуьнца цхьаьна.


Бакъдерг аьлча хӀинца вехаш верг со вац, ткъа Дала леррина Къобалвинарг соьгахула вехаш ву. Со дилха долуш вехаш хиларан бахьана ду, со веза а везна, Ша сан дуьхьа дӀавелла волчу Делан КӀантах тешаш со вехаш хилар.


ХӀунда аьлча шун хьалха хиллачу дахаре хьаьжча, шу делла ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчуьнца шун бакъдолу дахар Делан карахь дӀахьулдина ду.


КӀант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цӀандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агӀор охьахиина Иза.


тешар кхоьллина а, кхочушдина а волчу Ӏийсана тӀе а хьоьжуш. Цо Шена хин долчу хазахетаран дуьхьа жӀара тӀехь валар лайра, эхь тӀе дар тергал а ца деш, нехан кхардам тидаме а ца оьцуш. Ткъа хӀинца Иза Делан паччахьан гӀантана аьтту агӀор, баьрччехь, хиъна Ӏаш ву.


Адамийн схьадовлар муха хила деза гойтучу парзашца хилла вац Иза динан да, хедар доцучу дахаран ницкъаца хилла ву.


Цундела Шегахула Далла тӀевогӀург Цуьнга кхоччуш кӀелхьарваккхало, хӀунда аьлча Иза гуттар а дийна ву, Цо доӀанаш дийр ду Ша кӀелхьарбохучарах.


стигал а, латта а, хӀорд а, царна чохь мел долу хӀума а кхоьллина волчу, ерриг а тӀейогӀучу заманна волуш Волчун цӀарах чӀагӀо йира: «Дала кхин лур яц шуна хан.


Цул тӀаьхьа деа дийнатах цхьаммо оцу маликийн кара ворхӀ дашо бога делира. Ерриг а тӀейогӀучу заманна а вехаш волчу Делан дераллех дуьзна дара и боганаш.


Симран-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: «Иштта боху, хьалха вала а велла, ткъа хӀинца дийна волчу хьалхара а, тӀаьххьара а Волчо:


ХӀордо а схьабелира шена чохь болу белларш. Шайна чохь болу белларш схьабелира Ӏожалло а, эхарто а. Царна хӀоранна а, шайн-шайн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йира.


Ӏожалла а, эхарт а цӀе яьлла богучу Ӏам чу тесира. (И Ӏам шозлагӀа валар ду.)


«Палидалпи-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху веза а, билггал бакъ а волчу Шен карахь Даудан догӀа Долчо. Цо неӀ дӀаястахь, цхьаьнгге а иза дӀакъовлалур яц. Цо неӀ дӀакъовлахь, цхьаьнгге а иза дӀаясталур яц.


Цу дийнаташа Ӏаршана тӀе хиъна волчу, ерриг а тӀейогӀучу заманна а вехаш Волчун сийдеш, Иза ваз а веш, баркаллаш мосазза олу а,


Ткъа цу деъа а дийнато олура: «Амин». Къаной, охьа а эгна, суждане бахара.


Со дӀахьаьжча, сира дин гира суна. Цунна тӀехиъна «Ӏожалла» цӀе йолу бере вара, шена тӀаьхьахӀоьттина эхарт а долуш. Царна бакъо елира Лаьттарчу адамийн доьалгӀа дакъа туьрах а, мацаллех а, цамгарех а далийта а, иштта Лаьттарчу акхарошка уьш даийта а.


ПхоьалгӀачу малико а лекхира турба. ТӀаккха стигалара лаьтта охьабоьжна седа гира суна. Цу седанан караделира бух боцучу Ӏинна тӀебоьдучу некъан догӀа.


Везачу Эло вен а воь, чу са а кхуллу, стаг Ӏожалле дӀа а хьажаво, веллачуьра ден а во.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios