13 Ткъа оцу ворхӀ стогарна юкъахь лаьтташ «адамийн кӀантах тера цхьаъ» вара. Цунна тӀехь еха бедар яра, ткъа цуьнан некхана гонах хьарчийна деших дина доьхка дара.
Ийпадна тӀехула доьхкуш дара иза ша санна дина долу доьхка. Деших а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а динера иза, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара
Нийсо цуьнан хенаш тӀера доьхка санна хир ю, тешаме хилар цуьнан юкъах долу доьхка хир ду.
Адамийн сибатехь волу цхьаммо сан балдех куьг хьаькхира, тӀаккха со, бага а гӀаттийна, къамел дан волавелира. Сайна хьалха лаьтташ волчуьнга ас элира: «Эла! ДуьхьалхӀоьттинчу суьрто суна даийтинчу лазарша сан гӀора дӀадаьккхина.
Буьйсанна сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь стигаларчу мархашца вогӀу адамийн кӀантах тера цхьаъ гира суна. ТӀекхаьчна ваьлча, иза Хенара Къаночунна тӀевигира.
«Со хьоьжучу хенахь паччахьан гӀанташ дӀахӀиттийра. Цу гӀантех цхьанна тӀе Хенара Къано охьахиира. Цуьнан духар, ло санна, кӀайн дара, ткъа Цуьнан коьртара месаш цӀеначу кхакхана тӀера чоьш санна яра. Иза тӀехиъна гӀант цӀеран алу санна дара, цуьнан чкъургаш летта цӀе яра.
АхӀаронна тӀе коч а юьйхина, юкъах доьхка а дихкина, тӀехула оба юьйхира Мусас, юха тӀе ийпад а юьйхина, юкъах ийпадан доьхка а дихкира, цуьнца АхӀаронна тӀехь ийпад а чӀагӀйира цо.
ХӀунда аьлча вайн динан коьрта Да кхетар ву вайгара йийлинчу ледарлонех: Иза лаьтта тӀехь волчу хенахь, вай санна, массо а тайпана зуьйш хилла, Цо къа ца латийнехь а.
Со дӀахьаьжча, суна кӀайн марха гира. Цу мархина тӀехь «адамийн кӀантах тера волу цхьаъ» вара охьахиъна. Цуьнан коьрта тӀехь деших дина таж дара. Ткъа карахь ира марс бара.
Цу чоьнна чуьра, тӀаьххьара хир болу ворхӀ бала а бахьаш, ворхӀ малик араделира. Царна тӀехь яра дуткъачу кӀадих йина цӀена а, къегаш йолу а бедарш. Некхана гонах дашо доьхкарш а дара.
«Эпас-гӀаларчу динан тобанан малике дӀаязде: Иштта боху, Шен аьтту куьйга ворхӀ седа схьа а лаьцна, деших бина болчу ворхӀ стогарна юккъехула лелаш Волчо: