12 И суна хезнарг хьенан аз ду те аьлла, со юхахьаьжира. Со юхахьаьжча, суна гира деших бина ворхӀ стогар.
ВорхӀ къуьда а бай, цунна тӀе бахка уьш, цаьрга стогаран хьалхара агӀо серлаяккхийта.
ЦӀеначу деших стогарна ворхӀ къуьда а, цунна лерина тукарш а, нойш а йира Бацалиала.
Везачу Элан аз ду гӀалане кхойкхуш, (ткъа Хьуна хьалха ларамах буьзна хилар хьекъалалла ду): «Ва къам а, гӀалахь гулбинарш а, ладогӀа!
Цо соьга хаьттира: «ХӀун го хьуна?» – аьлла. Ас жоп делира: «Берриг а деших бина болу стогар а, цунна тӀехула зайтдаьттанна дӀахӀоттийна кад а, цунна тӀехь болу ворхӀ къуьда а, цунна тӀехь болчу къуьданийн ворхӀ-ворхӀ милт чухӀотто меттиг а.
Ткъа оцу ворхӀ стогарна юкъахь лаьтташ «адамийн кӀантах тера цхьаъ» вара. Цунна тӀехь еха бедар яра, ткъа цуьнан некхана гонах хьарчийна деших дина доьхка дара.
Иштта, дӀаязде хьайна гиначух а, долуш долчух а, хиндолчух а лаьцна.
Сан аьтту куьйгахь хьуна гиначу ворхӀ седанан а, ворхӀ дашо стогаран а къайле иштта ю: ворхӀ седа – уьш Ӏийсах тешначийн динан ворхӀ тобанан маликаш ду бохург ду. Ткъа хьуна гина болу ворхӀ стогар – уьш ворхӀе а динан тобанийн гулам бу».
«Эпас-гӀаларчу динан тобанан малике дӀаязде: Иштта боху, Шен аьтту куьйга ворхӀ седа схьа а лаьцна, деших бина болчу ворхӀ стогарна юккъехула лелаш Волчо:
Цул тӀаьхьа со хьалахьаьжира. Стигалахь дӀаеллаелла неӀ гира суна. Хьалха а хезна долу, турбана чуьра арадолуш санна долу, аз хезира суна. Цу озо соьга бохура: «Хьалавала кхуза, кхул тӀаьхьа хила дезарг гойтур ду Ас хьуна».