Яхьъя 1 - Делан ЙозанашДашах адам хилира 1 Юьхьанца Дош дара. И Дош Делехь дара. И Дош Дела дара. 2 И Дош юьхьанца Делехь дара. 3 Дерриг а Дала цу Дашехула кхолла а кхоьллина, И доцуш, кхоьллинчух хӀумма а ца кхоьллина. 4 Бакъдолу дахар Цунна чохь а дара, и дахар адамашна серло а яра. 5 И серло боданехь къега. Бодано и серло эша а ца йина. 6 Дала цхьа стаг ваийтира, цуьнан цӀе Яхьъя яра. 7 Иза цу Серлонах тоьшалла дан веанера, цуьнгахула цу Серлонах массо а адам тешийтархьама. 8 Яхьъя ша Серло яцара, ткъа иза Серлонна тоьшалла дан ваийтина вара. 9 И бакъйолу Серло дуьнен чу йогӀуш яра, Цо муьлхха а адам серла а доккху. 10 Дуьненна юкъахь а дара и Дош, Цуьнгахула дуьне а кхолладеллера, амма дуьнен чуьра адамашна И ца девзира. 11 Шен махка веара Иза, ткъа шечара а И тӀе ца ийцира. 12 Ткъа, Ша тӀе а эцна, Шех тешаш болчарна Делан бераш хила бакъо елира Цо. 13 Уьш я цӀийх а, я дегӀан лаамца а, я стеган лаамца а хилла боцуш, Делах хилла бу. 14 Дашах адам а хилира, Иза адамашна юкъахь Ӏаш а дара. ТӀаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КӀантана делла олаллин нур. Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара. 15 Яхьъяс, Цунах лаьцна тоьшалла а деш, кхайкхадо: «ХӀара ву ас шуна вийцинарг: „Сол тӀаьхьа ВогӀург, сол лакхара а хилла, дӀахӀоьттина, хӀунда аьлча Иза сол хьалха а волуш вара“». 16 Иза бакъдолчух а, диканах а вуьззина волу дела, вай саццаза схьаоьцура Цуьнан дикалла. 17 ХӀунда аьлча товрат-хьехамаш Муса-пайхамарехула белла бара, ткъа Делера долу бакъдерг а, дика а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула деана ду. 18 Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Ткъа Шен Деца волчу, цхьаъ бен воцучу КӀанта беана Делах болу кхаъ, Иза вайна вовза а вовзуьйтуш. Яхьъя-пайхамаро Ӏийсах лаьцна тоьшалла дар ( Маттай 3:1-12 ; Марк 1:1-8 ; Лака 3:1-18 ) 19 Ярушалаймера динан куьйгалхоша бахкийтинчу динан дайша а, Леви цӀе йолчу тайпанан, Делан цӀа чохь болх беш болчу наха а Яхьъяга хаттар дира: «Хьо мила ву?» – аьлла. 20 Яхьъяс иштта тоьшалла дира, шен дашна тӀера юха а ца волуш, ма-дарра дӀа а олуш: «Со Дала леррина Къобалвинарг вац». 21 Цуьнга юха а хаьттира: «Ткъа хьо мила ву? Эли-ЯхӀу-пайхамар вуй хьо?» «И вац со». «Делахь билггала ван веза пайхамар ву хьо?» «Вац», – аьлла, жоп делира Яхьъяс. 22 ТӀаккха цара элира Яхьъяга: «Ткъа хьо мила ву, дийцахьа тхуна, тхаьш хьуна тӀе хьовсийначаьрга жоп далархьама. Хьайх лаьцна хӀун олу ахь?» 23 Яхьъяс жоп делира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран дешнашца: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз ду со: „Везачу Элана хьалхара некъ нисбе“». 24 Ткъа Яхьъяна тӀебахкийтинарш парушхойх бара. 25 ТӀаккха цара хаьттира Яхьъяга: «Хьо я Дала леррина Къобалвинарг а ца хилча, я Эли-ЯхӀу а, я билггала ван веза пайхамар а воццушехь, нах хих чекх хӀунда боху ахь?» 26 Яхьъяс жоп делира цаьрга: «Ас шу хих чекхдоху. Амма шуна юкъахь лаьтташ Хьенех ву, шуна вевзаш воцу. 27 Иза сол тӀаьхьа вогӀуш велахь а, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ долуш вац». 28 И дара Йордан-хин дехьа агӀор йолчу Бет-ХӀина олучу меттигехь, Яхьъяс нах хих чекхбохучохь. Делан Ӏахар 29 ШолгӀачу дийнахь, шена тӀевогӀу Ӏийса а гина, Яхьъяс элира: «Хьажал, ХӀара Дала, кху дуьненара адамийн къинош тӀе а лаьцна, уьш дӀадахьа баийтина Ӏахар бу. 30 ХӀара ву ас Шех лаьцна аьлларг: „Сол тӀаьхьа вогӀуш волу Стаг сол а лакхара ву, хӀунда аьлча Иза сол хьалха волуш вара“. 31 Суна а билггала ца вевзара Иза. Амма Иза исраилхошна вовзийтархьама, веанера со, нах хих чекхбохуш». 32 Яхьъяс, тоьшалла а деш, элира: «Суна Делан Са гира кхокханан суьртехь стигалара доьссина, и Са Цунна тӀехь дисира. 33 Цкъа хӀинццалц суна а билггала ца вевзара Иза, амма со нах хих чекхбаха ваийтинчу Дала элира соьга: „Делан Са а доьссина, Иза Шена тӀехь дуьсуш гун верг хир ву хьуна цу Делан Синах адамаш дузон верг“. 34 И суна ган а гира, ас тоьшалла а до Иза Делан КӀант хиларх». Ӏийсан дуьххьарлера мурдаш 35 И хиллачу шолгӀачу дийнахь Яхьъя юха а лаьтташ вара шен мурдех волчу шинца. 36 ТӀехволучу Ӏийсага а хьаьжна, Яхьъяс элира: «ХӀара бу Дала баийтина Ӏахар». 37 Цуьнан и дешнаш а хезна, Яхьъян ши мурд Ӏийсана тӀаьхьахӀоьттира. 38 Юха а хьаьжна, и ши мурд Шена тӀаьхьавогӀу а гина, Ӏийсас хаьттира цаьрга: «Шуна хӀун оьшу?» Цара элира: «Рабби!», (Иза «Устаз!» бохург ду), «Хьо мичахь Ӏаш ву?» 39 Ӏийсас оцу мурдашка элира: «Соьца дӀа а дуьйлий, хьовса». Мурдаш Цуьнца бахара. Царна гира И мичахь вехаш ву. И де Ӏийсаца даьккхира цара. ДоьалгӀа сахьт доладеллера цу хенахь. 40 Яхьъян дешнаш а хезна, Ӏийсана тӀаьхьахӀоьттинчу шиннах цхьаъ Ӏандар вара. Иза вара ШамӀа-Кипин ваша. 41 Ӏандара, цу сохьта шен ваша ШамӀа схьа а лехна, элира цуьнга: «Тхуна Машахь карийна». (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду.) 42 Ӏандара шен ваша ШамӀа Ӏийсана тӀевалийра. Ӏийсас, ШамӀе а хьаьжна, элира: «Хьо Юнусан кӀант ШамӀа ву-кх. Хьох хӀинца „Кипа“ эр ду». (Иза «тарх» бохург ду.) Пилапах а, НатунаӀилах а Ӏийсан мурдаш хуьлу 43 ШолгӀачу дийнахь Ӏийсана Галилай-махка ваха лиира. Ӏийсас, Пилап схьа а лехна, цуьнга элира: «Суна тӀаьхьахӀотта». 44 Пилап а вара Ӏандар а, Кипа а схьаваьлла волчу Бет-Саида-гӀалара. 45 НатунаӀил схьа а лехна, Пилапа элира цуьнга: «Мусас товрат тӀехь бинчу хьехамашкахь а, пайхамарша яздинчу тептарш тӀехь а вийцина Хилларг карийна тхуна. Иза ву Юсупан кӀант Ӏийса, Ша Назарт-гӀалара схьаваьлла волу». 46 Ткъа НатунаӀила элира: «Назартера цхьа а дика хӀума дала а даьллий те?» Пилапа жоп делира: «ГӀой, хьо-хьуо хьажа», – аьлла. 47 Шена тӀевогӀу НатунаӀил а гина, Ӏийсас элира: «ХӀара ву-кх шеца мекарло а йоцу бакъволу исраилхо». 48 НатунаӀила хаьттира Ӏийсага: «Со мичахула вевза Хьуна?» Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Хьо инжиран дитта кӀел Ӏаш волуш, Пилап хьоьга кхайкхале дуьйна а, Суна хьо гуш а вара, вевзаш а вара». 49 НатунаӀила элира Ӏийсага: «Рабби! Хьо Делан КӀант ву-кх. Хьо ву-кх Исраилан халкъан Паччахь». 50 Ӏийсас элира цуьнга: «Ас хьо инжиран дитта кӀел гина аларна тийши хьо Сох? Кхин а, цул тӀех гӀуллакхаш а гур ду хьуна». 51 Кхин а элира Ӏийсас: «Баккъалла а боху Ас шуьга: ДӀаеллаелла стигалш а, Адамийн КӀант волчу Суна тӀе охьадуьссуш а, хьаладуьйлуш а Делан маликаш а гур ду шуна». |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia