Марк 11 - Делан ЙозанашӀийса декъалварца Ярушалайма чувар ( Маттай 21:1-11 ; Лака 19:28-40 ; Яхьъя 12:12-19 ) 1 Ярушалайме воьдучу новкъахь, Зайт-диттийн ламанца йолчу Бет-Паг а, Бет-ХӀина а меттигашка шаьш кхаьчча, Шен мурдех шиъ хьалхахьажийра Ӏийсас. 2 Царна Цо тӀедиллира: «Шайна хьалха лаьттачу юьрта чу гӀо. Шу юьрта чу довллушехь, йихкина лаьтташ, адамех цхьа а шена тӀе а хааза, къона вир гур ю шуна, иза дӀа а ястий, схьаялае. 3 Ткъа цхьаммо шайга хаттахь: „И хӀун ду аша дийриг?“ – аьлла, „Элана оьшу хӀара, Цо сихха юхаерзайойтур ю хӀара“, – ала». 4 Мурдаш бахча, царна арахь кевнах йихкина къона вир а гира, цара иза дӀа а яьстира. 5 Цигахь лаьттачех цхьаболчара хаьттира: «Аша хӀун леладо, дӀа стенна йосту аша иза?» – аьлла. 6 Ӏийсас шайга ма-аллара, жоп делира мурдаша, тӀаккха вукхара дӀахийцира уьш. 7 Цара, вир схьа а ялийна, цунна тӀе шайн тӀехулара бедарш тийсира, ткъа Ӏийса цунна тӀе хиира. 8 Дукхахболчара шайн тӀехулара бедарш Цунна хьалха некъа тӀе охьатуьйсура, вукхара, дитташ тӀера гаьннаш а дохуш, уьш некъа тӀе охьадохкура. 9 Хьалха бевлла а, тӀаьхьа хӀиттина а богӀучара чӀогӀа маьхьарий деттара: «„ХӀашанна!“ „Декъала ву Везачу Элана цӀарах вогӀуш Верг!“ 10 Декъала ю тӀейогӀур йолу вайн ден Даудан пачхьалкх! ХӀашанна! Хастам стигалшкара Веза Воккхачу Далла». 11 Ӏийса, Ярушалайме а веана, Делан цӀийнан керта чу велира. Кертахь массанхьа а дӀаса а хьаьжна, хан яьлла хиларна, Шен шийтта мурд а эцна, Бет-ХӀине вахара. Комарийн диттана сардам боллар ( Маттай 21:18 , 19 ) 12 ШолгӀачу дийнахь хӀорш Бет-ХӀинера схьабевллачу хенахь Ӏийса мацвеллера. 13 Геннара, тӀехь дукха гӀаш долу комарийн дитт а гина, цунна тӀе вахара Ӏийса, тӀехь комарш юй те хьажа. Диттана тӀевеача, гӀаш доцург хӀумма а ца карийра Цунна, хӀунда аьлча хӀинца а стом хуьлу хан яцара. 14 ТӀаккха Ӏийсас элира дитте: «ХӀинца дуьйна цхьаммо а, цкъа а стом ма боийла хьуна тӀера!» Цуьнан мурдашна хезира Цо иза олуш. Делан цӀийнан керт цӀанъяр ( Маттай 21:12-17 ; Лака 19:45-48 ; Яхьъя 2:13-22 ) 15 Уьш Ярушалайме баьхкира, цигара Делан цӀийнан керта ваьлча, цу кертахь йохкаэцар лелош болу нах дӀалоьхкура Ӏийсас. Ахчанаш хуьйцучеран гӀопастанаш а, кхокхарчий духкучеран гӀанташ а харцийра Цо. 16 ТӀаккха цхьаьнгге а шайн юхку хӀуманаш Делан цӀийнан кертахула дӀаса ца йохуьйтура Цо. 17 Ӏийсас хьехамаш бора царна: «Яздина дац: „Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу“? Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“ бина». 18 Ӏелам нахана а, динан коьртачу дайшна а дӀахезира иза. Цара ойла йора, Ӏийса хӀаллак муха вийр вара те бохуш. Уьш Цунах кхоьрура, хӀунда аьлча массо а халкъ цецдуьйлура Цуьнан хьехамех. 19 Суьйранна, хан яьлча, Ӏийса, Шен мурдашца ара а ваьлла, дӀавахара оцу гӀалара. Дакъаделлачу комарийн диттах лаьцна хьехам ( Маттай 21:20-22 ) 20 Ӏуьйранна, комарийн диттана уллохула чекхбовлуш, царна иза орамаш тӀера дуьйна дакъаделла гира. 21 ТӀаккха, дага а деана, Кипас элира Ӏийсага: «Устаз! Хьажахь, Ахь сардам боьллина комарийн дитт дакъаделла-кх». 22 Ӏийсас жоп луш, элира цаьрга: «Делах тешар хила! 23 Аса баккъалла а боху шуьга: нагахь цхьаммо хӀокху ломе олу-кх: „Хьала а балий, хӀордана чу кхоссало“, – шен даг чохь шеко а йоцуш, ткъа ша аьлларг билггала хирг хиларх теша а тешаш и хилча, хир ду цунна цо аьлларг. 24 Цундела боху шуьга: дерриге а шайн доӀан тӀехь аш мел доьхург делла хиларх тешаш хила – тӀаккха аш доьхург лур ду шуна. 25 Шаьш доӀа дечу хенахь шайн даг чохь цхьанна вас елахь, къинтӀера довла цунна, шайн къиношна а Стигаларчу Дега гечдайтархьама». Ӏийсан олалла шеконе диллар ( Маттай 21:23-27 ; Лака 20:1-8 ) 27 Юха а Ярушалайме баьхкира уьш. Ткъа Ӏийса Делан цӀийнан кертахь лелачу хенахь, динан коьрта дай а, Ӏелам нах а баккхийнаш а баьхкира Цунна тӀе. 28 Цара элира Ӏийсага: «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?» 29 Ӏийсас, жоп луш, элира цаьрга: «Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар, аш Суна жоп лахь, тӀаккха Аса а эр ду шуьга, хьенан бакъонца деш ду и дерриг а. 30 Яхьъяс хих чекхваккхар стигалара дара я адамашкара дара? – жоп лол Суна!» 31 ТӀебаьхкинарш вовше барт бан хӀиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хӀунда ца тийшира шу?“ – аьлла. 32 Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь...» (Уьш халкъах ца хӀуттура, хӀунда аьлча массарна а Яхьъя билггала пайхамар хетара.) 33 Цара Ӏийсага жоп делира: «Ца хаьа тхуна», – аьлла. ТӀаккха Ӏийсас а дуьхьал элира: «Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг». |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia