Малъаки 1 - Делан Йозанаш1 ХӀара Везачу Эло Малъаки-пайхамарехула Исраилан халкъана бина хаам бу. Везачу Элан Исраилан къоме болу безам 2 «Суна шу дезаделла», – боху Везачу Эло. Ткъа аша: «Стенна тӀехь схьагайтина Ахьа Хьайн безам?» – боху. «Ӏесав Якъубан ваша ма хилла? – боху Везачу Эло. – Делахь а, Сайн безам гайтархьама, Ас Якъуб а, цуьнан тӀаьхье а хаьржинера, 3 амма Ӏесав а, цуьнан тӀаьхье а дӀатеттинера. Ас цуьнан лаьмнех яьсса меттиг йира, ткъа цуьнан долахь долу латта яьссачу аренашкара чангӀалкхашна дӀаделира». 4 Нагахь санна Ӏесаван тӀаьхьенах болчу эдомхоша: «Тхо дохийна, амма дохийнарг оха меттахӀоттор ду», – бахахь, Везачу Эло иштта боху: «Цара меттахӀоттор ду, ткъа Ас дохор ду. ТӀаккха церан меттигах „харцонийн меттиг“ эр ду, ткъа царах „Везачу Элан оьгӀазло гуттаренна тӀехь йолу халкъ“ эр ду». 5 Иза шун бӀаьргашна гур ду, тӀаккха аша эр ду: «Везачу Элан сийлалла Исраил-махкана арахьа а кхочу!» Динан дайшна лерина Везачу Элан хьехам 6 «КӀанта ден сий до, иштта лено а шен олахочун сий до. Нагахь санна Со шун да велахь, мичахь ду Суна догӀу сийдар? Нагахь санна Со шун олахо велахь, мичахь бу Суна богӀу ларам? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Ва динан дай, шу Сан цӀе емалйийраш ма ду! Аша боху: „Оха муха емалйо Хьан цӀе?“ 7 СагӀа доккхучу Сан кхерчана тӀе хьанал боцу кхача а бахьаш, боху-кх аша: „Оха муха сийсазваьккхина Хьо?“ Везачу Элана лерина болчу кхачанан шуьнах цадашарца аша Со сийсазваьккхина. 8 Къилахь дац ткъа, сагӀина дахьаш дерг бӀаьрзениг деача? Вон дац ткъа, сагӀина деанарг астагӀа я цамгар кхеттарг хилча? ДӀакховдадел иштта дерг хьайн баьччанна – реза хир варий те иза хьуна, хьо дика тӀеоьцур варий те цо?» – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. 9 «Цундела шайх къинхетам бар дехалаш Деле. Ткъа шуьгара ишттаниг долуш хилча, шу тӀеэцалур дуй те Цуьнга, шуна дика а деш? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – 10 Цул гӀолехь хир дара, сагӀа доккхучу Сан кхерчана тӀехь эрна цӀе ца латторхьама, шух цхьаммо Сан цӀийнан неӀарш дӀакъевлинехь. Сан безам бац шуьга, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – шун куьйгаша деанарг Суна тамехь хир дац. 11 Малх гучуболучуьра малх дӀабузучу кхаччалц сийлахь хир ю халкъашна юкъахь Сан цӀе. Муьлххачу а меттехь Суна лерина хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, цӀена долу сагӀанаш а дохур ду. Сийлахь хир ю Сан цӀе халкъашна юкъахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – 12 Ткъа аша Со сийсазвоккху, Хьалдолчу Элана лерина долчу кхачанан шуьнах а ца дешаш, Цуьнан кхача дола а хеташ. 13 Цу тӀе цунах лаьцна аша, марош хьала а ойуш, цадашарца иштта олу: „Ма кӀордийна-кх хӀара дерриге а!“ – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Лачкъийна а, астагӀа а, цомгуш долу а дийнаташ Суна лерина аша сагӀина деача, резахиларца шун карара уьш тӀеэца дезий те Аса? – боху Везачу Эло. – 14 НеӀалт хуьлда, шен жена юкъахь сакхт доцу боьрша уьстагӀ боллушехь, Хьалдолу Эла волчу Суна и уьстагӀ сагӀина бан ша чӀагӀо йина йоллушехь, сагӀина лерина сакхт долу дийнат дуьйш волчунна – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – ХӀунда аьлча Со сийлахь-воккха Паччахь ву. Сан цӀе а ю халкъашна юкъахь кхераме». |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia