Куьйгалхой 1 - Делан ЙозанашЯхӀуда канаӀанхошца тӀом бо 1 ЮшаӀ кху дуьнен чуьра дӀаваьллачул тӀаьхьа, Исраилан халкъо Везачу Эле хаттар дира: «Тхуна хьалхаваьлла мила ваха веза канаӀанхошца тӀом бан?» – аьлла. 2 Везачу Эло царна жоп делира: «ЯхӀудан тайпанах берш гӀур бу. Аса хӀара мохк церан кара дӀабелла». 3 Шайн вежарий болчу ШимӀин тайпане гӀо дийхира ЯхӀудан тайпано: «Тхан вежарий! Кхаж баларна, вайна хӀоранна а латтанаш билгалдаьхна ду. Аша тхуна и латтанаш схьадаха а, цу тӀехь Ӏаш болчу канаӀанхошца тӀом бан а гӀо дахь, оха а шуна гӀо дийр ду шун латтанаш схьадаха». Иштта ШимӀин тайпа а, 4 ЯхӀудан тайпа а цхьаьна тӀамца тӀедахара цига. Везачу Эло царна гӀо дира канаӀанхой а, перезахой а эшо. Безакх олучу гӀалахь итт эзар стаг вийра цара. 5 Безакхехь дуьхь-дуьхьал кхийтира уьш Адани-Безакхца, цигахь канаӀанхой а, перезахой а эшийра цара. 6 Адани-Безакх ведда кӀелхьарвала гӀоьртира, амма кхара, цунна тӀаьхьа а бевдда, иза схьа а лаьцна, цуьнан куьйгийн а, когийн а нана-пӀелгаш дехира. 7 Адани-Безакха элира: «Аса кхузткъе итт паччахьан куьйган а, когийн а нана-пӀелгаш дӀахедийна, цара сан шуьнна гонахара цуьргаш лехьийна. ХӀинца Дала соьца а и гӀиллакх хӀоттийна». Адани-Безакх Ярушалайме дӀавигна, циггахь цуьнан кхалхар а хилла. ЯхӀуд-тайпано Ярушалайм а, Хьеврон а эшайо 8 ЯхӀудан тӀаьхьено Ярушалайм-гӀалина дуьхьал тӀом бира, иза схьа а яьккхира. Шайн таррашца цара адамаш дайира, ткъа гӀала ягийра. 9 Цул тӀаьхьа уьш лаьмнашкахь а, НегӀаб олучу яьссачу арахь а, малхбузехьа болчу гунаш тӀехь а бехаш болчу канаӀанхошца тӀом бан бахара. 10 ЯхӀудан тӀаьхье Хьевронехь Ӏаш болчу канаӀанхошца тӀом бан яхара (хьалха Хьеврон-гӀалин цӀе Кхиръят-АрбаӀ хилла). Цигахь цо Шешай а, Ахьиман а, Талмай а эшийра. Дибар-гӀала эшор ( ЮшаӀ 15:13-19 ) 11 Цигара бевлча, яхӀудхой Дибар-гӀалин бахархошна тӀелата бахара (Дибар-гӀалин цӀе хьалха Кхиръят-Сапар хилла). 12 Килаба элира: «Кхиръят-Сапар эша а йина, иза караерзийначуьнга сайн йоӀ Ӏахисат маре дӀалур ю аса». 13 Килабан вешин Кхеназан кӀанта Ӏотниала и гӀала схьаяьккхира. ТӀаккха Килаба цуьнга шен йоӀ Ӏахисат маре дӀаелира. 14 Ӏотниал волчу а яхана, иза тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла. Шен йоӀ вир тӀера охьайоьссича, Килаба цуьнга хаьттира: «Хьуна хӀун оьшу?» 15 Ӏахисата цуьнга элира: «Декъалъе со. Яьсса НегӀаб-аре ахьа суна елла, хӀинца цхьадолу хин хьостанаш а ло суна». Килаба цуьнан дехар кхочушдира: лакхара а, лахара а хин хьостанаш дӀаделира цо цунна. Кхиболу тӀемаш 16 Мусан стунда волчу кхенахочун Итаран тӀаьхье, яхӀудхошца хурма-диттийн гӀалара дӀа а яхана, ЯхӀуд-мехкан яьссачу аренга цигахь бехаш болчу нахана юкъахь Ӏен дӀаяхара. И меттиг яра Ӏарод-гӀалина генахь йоццуш. 17 ЯхӀудхой шимӀахошца цхьаьна Цепат-гӀалахь бехаш болчу канаӀанхошна тӀелетира, ерриг гӀала йоха а еш. Цундела тиллина цу гӀалин цӀе Хьорма аьлла (иза «йохар» бохург ду). 18 ЯхӀудхоша иштта Ӏази-гӀала а, Ашкхилун а, Ӏекхран а царна гонах долчу латтанашца цхьаьна схьаехира. 19 Веза Эла ЯхӀуд-тайпанехьа вара, цундела цуьнга лаьмнаш а схьадахаделира, амма шерачу аренгахь болу бахархой цуьнга къар ца лора, хӀунда аьлча цаьргахь аьчка гӀудалкхаш яра. 20 Мусас ма-аллара, Килабе Хьеврон дӀаелира, ткъа цо Ӏаьнакхан кхо кӀант цигара лаьллина дӀавахийтира. 21 Амма бен-яманхошка Ярушалаймера явсайхой дӀа ца лахкабелира. Уьш хӀинца а Ярушалаймехь Бен-Яманан тӀаьхьенна юкъахь бехаш бу. Юсупан тӀаьхьено Бетал-гӀала эшор 22 Юсупан тӀаьхье Бетал-гӀалина тӀелетира. Веза Эла цаьрца вара. 23 Юсупан тӀаьхьено нах бахийтира, Бетал-гӀалина таллам бе аьлла (хьалха цу гӀалин цӀе Луз хилла). 24 Тергам беш болчарна, цу гӀалара ара а ваьлла, схьавогӀуш цхьа стаг гира. Цара цуьнга элира: «ГӀалина чувоьдуш йолу меттиг схьагайта тхуна. Оха цхьана а тайпана бохам бийр бац хьуна». 25 Цо царна гӀалина чу муха ваха веза гайтира. Юсупан тӀаьхьенах болчара цу гӀалара бахархой, шайн тарраш детташ, байира. Ткъа и стаг а, цуьнан доьзал а маьрша дӀабахийтира. 26 Иза, хьетахойн латта долчу дӀа а вахана, ваха хиира. Цо кхоьллина ю Луз цӀе йолу гӀала. И цӀе хӀинца а йоккхуш ю. Махкара ара ца дахаделла къаьмнаш 27 Цхьаболу канаӀанхой Байт-Шан, ТаӀнак, Дор, ИбалӀам, МагӀидда олучу гӀаланашкахь Ӏаш бара. Маннашан тӀаьхьенах болчаьрга уьш цигара ара ца бахабелира. КанаӀанхой цигахь баха бисира. 28 Исраилан халкъ, са чу а деана, дӀахӀоьттича, цара канаӀанхошка шайна белхаш байтира. Цара уьш дӀа а ца лаьхкира. 29 Эпрайман тайпанан а ницкъ ца кхечира ГӀазарахь бехаш болу канаӀанхой цу лаьтта тӀера дӀабаха. Эпрайман тӀаьхьенца цхьаьна уьш цигахь баха бисира. 30 Забулан нехан а ницкъ ца кхечира Кхитрунахь а, НахӀлалахь а Ӏаш болу канаӀанхой дӀабахийта. Шайн латтанаш тӀера дӀа а ца бахабелла, Забулан тӀаьхье йолчохь бехаш бара уьш, шаьш, кхузахь болх бе аьлла, дӀахӀиттийнехь а. 31 Ашарарчу халкъо а дӀа ца лаьхкира Ӏакхора а, ЦӀаданера а, Ахьалабара а, Ахзибара а, Хьелбара а, Апикхара а, Рахьубара а бахархой. 32 Ашаран некъий цу махкара болчу канаӀанхошца бехаш Ӏаш бара, хӀунда аьлча уьш цаьрга цигара дӀа ца лахкабелира. 33 Напталан наха а ца лаьхкира дӀа Байт-Шамашера а, Байт-Ӏанатара а бахархой. Уьш царна юкъахь баха хевшира, цаьрга шайна хьалхара болх а бойтуш. 34 Эмархоша Данан тайпанан нах лаьмнашка баха ховшийтира. Цара уьш шерачу аренга охьабовла ца буьтура. 35 Эмархоша сацам бира Хьерас-лам тӀе баха ховша – Айлонехь а, ШаӀалбанахь а. Амма тӀаьхьо Юсупан тӀаьхье чӀагӀъелла дӀахӀоьттича, цара эмархошка а шайна болх бойтура. 36 Эмархойн лаьттан доза Акхрабайм цӀе йолчу ламанан Ӏинна тӀера СилаӀана тӀекхаччалц Ӏуьллуш дара. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia