Aanlyn Bybel

- Advertensies -

Ӏебархошка 1 - Делан Йозанаш


Шен КӀантехула долу Делан дош

1 Хьалха Дала дукхазза а, тайп-тайпана а дийцина вайн дайшка пайхамаршкахула,

2 ткъа кху тӀаьхьарчу деношкахь Шен КӀантехула дийцина Цо вайна. Дерриге а кхочун долу Цуьнан КӀант ву дӀахӀоттийна. Цуьнгахула массо хӀума а кхоьллина.

3 КӀант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цӀандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агӀор охьахиина Иза.


Делан КӀант маликел а лакхара ву

4 Цунна тиллина цӀе маликашна тиллинчул лакхара хиллал, царал лакхара ву Иза.

5 ХӀунда аьлча Маликех хьаьнга аьлла Дала: «Хьо Сан КӀант ву, тахана Хьан Да хили Сох»? Кхин а: «Со Цуьнан Да хир ву, Иза Сан КӀант а хир ву?»

6 Шен дуьххьарлера Доьзалхо дуьнен чу воккхуш, Дала элира: «Делан массо а маликаш Цунна хьалха охьатаьӀийла».

7 Маликех лаьцна Цо аьлла: «Дала Ӏаьнарх Шен маликаш до, цӀеран алунех Шен ялхой бо».

8 КӀантах лаьцна Цо аьлла: «Хьан олаллин гӀант, Дела, абаденналц лаьтта, Хьан паччахьалла нийсонан паччахьалла ду.

9 Хьуна бакъдерг дезна, ткъа харцо ца езна, цундела Дала, Хьан Дала, къобалвеш тӀедутту даьтта санна, Хьан накъосташна чул Хьуна алсам хазахетар делла».

10 Кхин а аьлла Дала: «Веза Эла, Ахь юьхьанца латта кхоьллина, Хьайн куьйгашца стигалш йина.

11 Уьш дӀадевр ду, ткъа Хьо вуьсур ву. Уьш дерриг а, бедарш санна, тишлур ду.

12 ТӀеюху хӀума санна, Ахьа дӀахьарчор ду уьш, тӀаккха уьш, бедар санна, хуьйцур ду. Амма Хьо цкъа а хийцалур вац, Хьан дахар чекх а дер дац».

13 Маликех хьаьнга а, маца а аьлла Дала: «Охьахаа Суна аьтту агӀор, Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц»?

14 Далла гӀуллакх деш долу синош дац ткъа маликаш, кӀелхьардовлар кхочун долчарна гӀуллакх дан дахкийтина дац ткъа уьш?

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Volg ons:



Advertensies