Aanlyn Bybel

- Advertensies -

Ӏамос 1 - Делан Йозанаш


Делан кхелах лаьцна хаам

1 ХӀара дешнаш ТакхоӀарчу жаӀуйх цхьаъ волчу Ӏамосан ду. Цунна уьш, Исраилан халкъах хиндолчух лаьцна шена сурт хӀоьттича, хезнера. Иза, яхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус а, исраилхойн паччахьо, ЯхӀуашан кӀанта, ЯрбаӀама а паччахьалла дечу хенахь, мохк бегабале, ши шо хьалха дара.

2 Ӏамоса иштта элира: «Веза Эла Цийон-ломара къевкъар ву, Ярушалаймера а схьахозуьйтур ду Цо Шен аз. ТӀаккха дежийлаш а якъалур ю, Кармал-ломан бохь а бакъалур бу».


Дала исраилхойн лулахошна кхел яр Арам-мохк

3 Иштта боху Везачу Эло: «Дамасакхан бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара ГалӀад-гӀала аьчка гӀирсаца эрина.

4 Хьазиал-паччахьан цӀенна тӀе цӀе хоьцур ю Ас, Бен-Хьадидан гӀепаш а ягор ю цу цӀеро.

5 Дамасакхан кевнаш а дохор ду Ас, Авайн-тогӀин бахархой а хӀаллакбийр бу, Байт-Ӏедан цӀийнера олаллин гӀаж шен карахь йолуш верг а вуьйр ву. Ткъа арамхойн халкъ Кхир-кӀошта йийсаре дӀагӀур ду», – боху Везачу Эло.


ПӀелаштам-мохк

6 Иштта боху Везачу Эло: «Ӏази-гӀалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре дӀабеллера, Эдоман карабахийтархьама.

7 Ӏази-гӀалин пенашна тӀе а цӀе хьажор ю Ас. Цо хӀаллакйийр ю цуьнан гӀепаш.

8 Ашдод-гӀалин бахархой а хӀаллакбийр бу Ас. Ашкхилун-гӀалахь олаллин гӀаж дӀалаьцнарг а вохор ву Ас. Ӏекхран-гӀалина тӀе а кховдор ду Ас Сайн куьг, пӀелаштамхойх дисина халкъ а хӀаллакьхир ду», – боху Хьалдолчу Эло.


Цора-гӀала

9 Иштта боху Везачу Эло: «Цора-гӀалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре Эдомана дӀабеллера, царна дага ца беара исраилхошца бина вежараллин барт.

10 Цора-гӀалин пенашна тӀе а хьажор ю Ас цӀе, цо хӀаллакйийр ю цуьнан гӀепаш».


Эдом-мохк

11 Иштта боху Везачу Эло: «Эдоман бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча уьш шайн вежаршна, тур а айина, тӀаьхьабевлла лелла. Гергарлонан марзо хер а йина, даим дарбелла лелаш, шайн оьгӀазалла цкъа а ца юьтура цара.

12 Теман-гӀалина тӀе а цӀе хьажор ю Ас, цу цӀеро хӀаллакйийр ю Бацар-гӀалин гӀепаш а».


Ӏаммин-мохк

13 Иштта боху Везачу Эло: «Ӏамминхоша юх-юха деш долу зуламаш дуьтур дац Ас бекхам ца беш, хӀунда аьлча цара берах болу зударий цистина ГалӀадехь, шайн латтанийн доза шордархьама.

14 Ас цӀе хьажор ю Рабба-гӀалин пенашна тӀе. Цо хӀаллакйийр ю гӀалин гӀепаш: тӀом дӀабоьдучу дийнахь – маьхьаршца, йилбазмох болчу дийнахь – йилбазмехаца.

15 Цу гӀалин паччахь а вуьгур ву йийсаре, цуьнца цхьаьна цуьнан лоруш болу нах а буьгур бу», – боху Везачу Эло.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Volg ons:



Advertensies